1Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш хӀорш ю:
2Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд,
3Иссархан, Забул, Бен-Яман,
4Дан, Наптал, Гада, Ашар.
5Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.
6Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дӀабевллера.
7Ткъа Исраилан тӀаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.
8Юха Мисар-махкахь керла пирӀун
9Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду.
10Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тӀом балахь, уьш вайн мостагӀех дӀа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дӀагӀур бу».
11Мисархоша шайн хьаькамаш хӀиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаӀамсас а цӀераш йолу гӀаланаш йира исраилхоша пирӀунна, шайна чохь тӀаьхьалонна хӀума латто.
12Амма оцу халкъана тӀехь гӀело мел йо а, иза тӀеттӀа дебара, цу махкахула дӀасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх.
13Цундела кхин а чӀогӀа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка.
14Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.
15Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гӀо деш яра Шапарат а, ПуӀа а цӀераш йолу ши зуда. ПирӀуно омра дира цаьрга:
16«Ӏебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоӀ дийна йита, кӀант ве!», — аьлла.
17Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирӀуно бохург ца дора, цара кӀентий дийна буьтура.
18ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хӀун ду аша деш дерг? КӀентий дийна хӀунда буьту аша?»
19Шина зудчо пирӀуне элира: «Ӏебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тӀекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан».
20Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Ӏебархойн халкъ тӀеттӀа алсамдолуш дара.
21Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира.
22ТӀаккха пирӀуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Ӏебархойн кӀант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоӀ дийна йита», — аьлла.