1Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирӀунна а, мисархошна а. Цул тӀаьхьа цо шу дӀахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дӀалохкур ду.
2Амма и хилале, ахь дӀаала исраилхошка, массо а божарша а, зударша а шайн уллорачаьрга, шайн лулахошка дато а, дашо а хӀуманаш еха еза».
3Везачу Эло мисархой Шен халкъана реза бира. Ткъа Муса пирӀунан уллорачара а, мисархоша а шайн махкахь чӀогӀа лоруш вара.
4Мусас пирӀуне элира: «Везачу Эло боху: „Буьйса юккъе яхача, Со Мисарахула чекхвер ву.
5Мисар-махкахь хӀорра а дуьххьарлера кӀант лийр ву, паччахьан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу пирӀунан кӀантана тӀера кӀа оруш йолчу гӀарбашан кӀантана тӀекхаччалц. Даьхних а хьалха дуьнен тӀе даьлла боьрша хьайба лийр ду.
6Цкъа а хьалха хилла а доцу я тӀаьхьа хин а доцу белхар хир ду берриг а Мисар-махкахь.
7Исраилхойх цхьанна а хӀумма а хир дац, царна жӀаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хӀума хир дац царна. ТӀаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хӀун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“.
8ТӀаккха хьан берриш а леш, тӀе а баьхкина, суна хьалха охьатаьӀар бу. Цара эр ду: „Хьайн халкъ а эций, дӀагӀо“. Цул тӀаьхьа со дӀагӀур ву». ПирӀун волчуьра, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, аравелира Муса.
9Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирӀуно шуьга ладугӀур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама».
10И ерриг а тамашийна билгалонаш пирӀунна хьалха гайтира Мусас а, АхӀарона а, амма, Везачу Эло дог а чӀагӀдина, пирӀуно шен махкара дӀа ца бахийтира исраилхой.