1Мадани-махкара динан да волчу Мусан стундена Итарна хезира, Мусана а, Шен халкъ долчу исраилхошна а, уьш Мисар-махкара арабаьхча, Дала гӀо дина аьлла.
2Мусас шен зуда Ципара цӀа яхийтина йолуш, цуьнан стундас Итара шен йоӀ а, цуьнан ши кӀант а тӀеэцнера.
3Шина кӀантах цхьаннан цӀе ГӀиршам яра (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду). И цӀе Мусас тиллинера, ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.
4Вукху кӀентан цӀе ЭлиӀазар яра (и цӀе «Дала суна гӀо до» бохучух тера ю). Иза вича, Мусас элира: «Сан ден Дала, суна гӀо а дина, пирӀунан туьрах со кӀелхьарваьккхина».
5Мусан зуда а, ши кӀант а валош, цуьнан стунда Муса волчу яьссачу ара тӀевеара. Мусас цигахь, Делан лома уллохь, меттамотт хӀоттийнера.
6Итара Мусага хаийтира: «Со хьан стунда Итар ву, хьан зуда а, ши кӀант а ву соьца».
7Дуьхьал а ваьлла, шен стундена хьалха охьа а таьӀна, цунна барт баьккхира Мусас. Маршалла а хаьттина, четар кӀел бевлира уьш.
8Мусас шен стундена дийцира исраилхойн дуьхьа Везачу Эло пирӀунна а, мисархошна а динчух лаьцна а, шаьш новкъахь лайначу баланех а, Везачу Эло шайна гӀо дарх лаьцна а.
9Итарна хазахийтира, Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьар а баьхна, царна динчу дерриге а дикачух лаьцна хезча.
10Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана! Цо шу пирӀунан куьйгах кӀелхьардаьхна, ткъа хӀара къам Мисаран олаллех паргӀатдаьккхина.
11ХӀинца хиъна суна, Веза Эла массо а деланел веза вуйла, исраилхойх ца бешаш лелла болчу мисархошна Цо хӀара дерриг дина дела».
12Итара Далла лерина дийнат дагош долу сагӀа а, кхин важа сагӀанаш а дехира. АхӀарон а, исраилхойн къаной а баьхкина, Итарца цхьаьна охьахевшина, Далла хьалха хӀума йиира цара.
13ШолгӀачу дийнахь, кхелахо а хилла, халкъана гӀуллакх дан хиира Муса. Ӏуьйранна дуьйна сарралц лаьттира адам Мусана хьалха.
14Мусас деш дерг а гина, Итара хаьттира: «Ахь халкъан дуьхьа деш дерг хӀун ду? Ӏуьйранна дуьйна сарралц хьо цхьаъ бен хӀунда вац кхелахо хилла Ӏаш? Хьуна цхьанна хьалха хӀунда лаьтта халкъ?»
15Шен стундега Мусас элира: «Суна тӀе нах богӀу, соьгахула Делан лаам хаа.
16Царна юкъахь къовсам баьлла хилча, ас царах бакъверг а, воцург а къаставо. Цул совнаха, Дала тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а довзуьйту ас царна».
17Амма Мусан стундас элира: «Нийса дац ахь деш дерг.
18Хьайна а, кху нахана а ницкъ бо ахь, хӀунда аьлча хьуна хала ду хӀара гӀуллакх дӀакхехьа, хьоьга-хьайга кхочуш ца дало иза.
19Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догӀий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гӀуллакхаш Деле дӀа а хоуьйтуш.
20Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта.
21Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь куьйгалхой хӀиттабе.
22Уьш нахана тӀехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гӀуллакх хилахь, иза хьайна тӀедаийта, ткъа кегий гӀуллакхаш шайга къастадайта. ТӀаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю.
23Ахь иза дахь, Дала хьуна иза тӀе а диллахь, хьоьга иза лалур ду, берриг а нах, паргӀатбевлла, шайн цӀа а гӀур бу».
24Шен стундега ла а доьгӀна, цо бохург дира Мусас.
25Исраилхошна юкъара хьуьнаре нах а хаьржина, уьш хьаькамаш хӀиттийра цо эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь.
26Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гӀуллакх цара Мусана тӀедахьара, ткъа кегийра гӀуллакхаш шаьш къастадора.
27Юха Мусас шен стунда новкъа ваьккхира. Итар шен махка дӀавахара.