11Со хезаш мел верг со хестош хуьлура, ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,
12хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура, гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.
13Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора, бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.
14Бакъахьа лелар — сан духар санна дара, ткъа нийсо — сан оба а, чалба а санна яра.
15Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара, ткъа астагӀчунна когийн метта вара.
16Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.
17Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура.
17
18Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву, сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,
19сан орамаш хи тӀе кхочу, сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,
20сан сий а дац тишлуш, сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.
21Адамаша собарца ладугӀура соьга, дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.
22Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара, сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.
23ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга, бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна, шайн баганаш хьала а гӀиттайора.
24Уьш ца тешара, со шайна велавелча, сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.
25Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара. Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь. Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».