1Берриг а ЯхӀуд-махкахь болчу векалшна а, динан вежаршна а хезнера, кхечу къаьмнех болчара Делан дош тӀеэцна бохуш.
2Цундела Кипа Ярушалайме веача, Ӏийсах тешаш болу сунтбинарш хӀокхуьнга бехкаш даха хӀиттира.
3«Сунтбаза болчеран чу а воьдуш, цаьрца хӀума йиъна ахь», — бохура цара.
4ТӀаккха дерриге а муха хилла, царна ма-дарра дийца волавелира Кипа.
5«Со Яппи-гӀалахь доӀанаш деш вара, — дуьйцура цо, — шовкъ еанчу суна сурт хӀоьттира. Еа маьӀӀера схьа а лаьцна, стигалара со волчу охьайоуьйтуш йолу цхьа йоккхачу шаршух тера хӀума гира суна.
6Цу чу хьаьжча, суна гира биъ ког болу дийнаташ а, акхарой а, кхин а текхаргаш а, олхазарш а.
7Юха суна аз хезира: „Кипа, хьала а гӀаттий, яйа а яйий, яа уьш“, — аьлла.
8Ас жоп делира: „Ма ала иза соьга, Веза Эла! Цкъа а хьарам йолу хӀума йиъна яц аса“, — аьлла.
9Стигаларчу озо юха а элира: „Дала магийтинарг хьарам ма хета“.
10Иштта кхузза хилира, юха шаршу стигала хьалаяьхьира.
11Оццу хенахь со волчу цӀенна уллохь кхо стаг сецира. Уьш со волчу Кхесрин-гӀалара бахкийтина бара.
12Делан Сино, шек а ца волуш, цаьрца дӀагӀо элира соьга. ХӀара ялх динан ваша а веара соьца. Тхо соьга кхайкхинчу стеган цӀа чу дахара.
13Цу стага дийцира, цӀа чохь шена малик гина бохуш. Малико аьлла цуьнга: „Яппи-гӀала ШамӀе схьакхайкха бахийта. Цунах кхин Кипа а олу.
14Цо цхьа хаза кхаъ бахьар бу шуна. И кхаъ бахьанехь хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу“.
15Со дийца волавелча, хьалха тхуна тӀе санна, царна тӀе а Делан Са доьссира.
16ТӀаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“.
17Цундела Дала леррина къобалвинчу Ӏийса-Элах тешачу вайна Дала делларг царна а делла хилча, со мила ву Далла дуьхьал вала?»
18Оцу дерригене а ладоьгӀча, церан дуьхьал ала хӀумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тӀеберза, Шеца дахар хилийта».
19Тапа вийначул тӀаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кӀелхьарбевлла Ӏийсах тешнарш Пиники-гӀала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Ӏийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура.
20Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Ӏийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира.
21Цаьрца Везачу Элан лаам бара, цундела дукхахберш церан дешнех а тешна, Везачу Элана тӀебирзира.
22Цунах лаьцна хаам Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачу нахе кхечира. Цигара Антиохе Бар-Нааб вахийтира.
23ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш.
24Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира.
25Цул тӀаьхьа Бар-Нааб Тарсе вахара, цигахь Шаул лахархьама.
26Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Ӏийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Ӏийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш».
27Цу хенахь Ярушалаймера Антиохе масех пайхамар веара.
28Агав цӀе йолчу царах цхьаммо, дӀа а хӀоьттина, Делан Синан цӀарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хӀуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.)
29Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхӀуд-махкахь болчу динан вежаршна гӀо дан.
30Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дӀадахьийтира цара.