Векалийн 25:1-27 CHE2012 - Bible AI

1Ша куьйгалхо хӀоьттина кхо де даьлча, Кхесрин-гӀалара Ярушалайме веара Висита.

2Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тӀе, ПахӀална арз дахьаш. Цара дехарш дора,

3къинхетам а бина, ПахӀал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара.

4Виситас жоп делира, ПахӀал Кхесрин-гӀалахь чувоьллина ву, ша а кестта цига гӀур ву аьлла.

5«Шайна юкъара масех стаг ваийта соьца, — элира цо, — цаьрга хӀара стаг бехке вайта, нагахь кхуьнан бехк белахь».

6Цаьрца бархӀ-исс де а даьккхина, Висита Кхесрин-гӀала юхавеара. ШолгӀачу дийнахь, кхелахочун метте а хиъна, ПахӀал схьавалавайтира цо.

7Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хӀуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан.

8ПахӀала дуьхьало йора: «Ас цхьа а вониг ца дина жуьгтийн товратан хьехамашна а, Делан цӀенна а, Рим-мехкан паччахьна а дуьхьал», — бохуш.

9Жуьгташна там болу агӀо лоьхуш, Виситас элира ПахӀале: «Ярушалайме ваха лаьий хьуна, соьга цигахь хьайна кхел яйта?»

10ПахӀала элира: «Со Рим-мехкан паччахьан кхелана хьалха лаьтташ ву хӀинца, сайна кхел ян еззачохь. Ас жуьгташна цхьа а вониг ца дина, иза хьуна а дика хаьа.

11Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Ӏожалла тӀеэца а кийча ву со. Амма хӀара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дӀавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху».

12Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тӀевохуьйтур ву хьо», — аьлла.

13Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хӀоттор даздан Кхесрин-гӀала паччахь АгӀарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара.

14Уьш цигахь масех денна севцина дела, Виситас паччахьна ПахӀалан гӀуллакхах лаьцна дийцира: «Кхузахь Пелакъа чувоьллина цхьа стаг ву.

15Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана.

16Амма ас элира цаьрга, римхойн Ӏедал дац бехке веш волу стаг дӀалуш, цкъа хьалха шен довхошца юьхь-дуьхьал а кхетта, бехказа вала бакъо яллалц аьлла.

17Цундела и жуьгтий кхуза схьакхаьчча, ас шолгӀачу дийннехь, кхелахочун метте а хиъна, иза схьавалавайтира.

18Суна моьттуш долчу цхьана а зуламехь иза бехке ца вира цуьнан довхоша.

19Амма церан цхьацца къовсамаш бара шайн динах а, цхьана веллачу Ӏийсах а лаьцна, ткъа ПахӀала-м Иза дийна ву бохура.

20И гӀуллакх муха къастор ду а ца хиъна, ас хаьттира ПахӀале: „Ярушалайме а вахана, цигахь кхел яйта лаьий хьуна?“ — аьлла.

21Амма ПахӀала Рим-мехкан паччахьан сацам хиллалц ша Кхесрин-гӀалахь вита аьлча, ас омра дира, иза Рим-мехкан паччахьна тӀевиггалц чувоьллина вита аьлла».

22АгӀарипас Висите элира: «Суна сайна а лаьа оцу стаге ладогӀа». «Кхана хьуна хезар ду иза вистхуьлуш», — аьлла, жоп делира Виситас.

23ШолгӀачу дийнахь АгӀарипа а, Беруника а, кеч а делла, шайца тӀеман хьаькамаш а, гӀалара лоруш болу нах а болуш кхел ечу цӀа чу баьхкича, Виситас омра дира, ПахӀал схьавалаве аьлла.

24Цул тӀаьхьа Виситас элира: «АгӀарипа-паччахь а, кхузахь тхоьца болу берриш а! Шуна гуш волчу хӀокху стагана Ярушалаймехь а, кхузахь а вуно дукха жуьгташа аьрзнаш дина. Цара маьхьарий хьийкхира, хӀара кхин ваха хьакъ вац бохуш.

25Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хӀара цига дӀахьажо.

26Амма кхунах лаьцна цу паччахье яздан хӀумма а дац сан. Цундела ас хӀара шуна, къаьсттина хьуна хьалха, АгӀарипа-паччахь, валавайтина, гӀуллакх къастийча, Рим-мехкан паччахье сайна яздан хӀума хилийта.

27ХӀунда аьлча суна нийса ца хета чувоьллина стаг, иза бехке веш дерг хӀун ду а ца хоуьйтуш, дӀахьажор».