1Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цӀийнан керта воьдуш.
2Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цӀе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьӀап волу цхьа стаг. Иза хӀора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цӀийнан керта богӀучу нахе цуьнга сагӀа дехийтархьама.
3Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагӀа дийхира заьӀапчу стага.
4ХӀара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!»
5И стаг дӀахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна.
6ТӀаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Ӏийсан дуьхьа, хьала а гӀаттий, дӀаволало!»
7Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагӀаттийра и стаг. ЦӀеххьана заьӀапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чӀагӀъелира.
8Иза, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. ДӀаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цӀийнан керта вахара иза.
9Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогӀуш.
10«Исбаьхьчу» кевнехь сагӀадоьхуш Ӏийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.
11Товелла заьӀап стаг, Кипиний, Яхьъяний тӀаьхьара а ца волуш, вогӀура. Инзардаьлла дедда догӀу дерриг а адам царна тӀаьххье Сулим-паччахьан цӀарах йолчу лекхачу бӀогӀамех йинчу гӀишлонна тӀекхечира.
12ТӀаьхьа богӀу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хӀокху гӀуллакхах шу цец хӀунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг?
13ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Ӏийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дӀа а къаьстина, цо Иза дӀахеца сацам биннашехь а.
14Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тӀе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кӀелхьарваккха аьлла, дийхира аша.
15Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду.
16Ӏийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цӀаро тешарехь чӀагӀвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Ӏийсас кхунна деллачу тешаро товина хӀара стаг, шуна ма-гарра.
17Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гӀуллакх шайна ца хаарна динийла.
18Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар.
19ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама.
20ТӀаккха Дала шуна паргӀат зама йоуьйтур ю. ТӀаккха Цо шуна хӀоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Ӏийса ву.
21Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахӀоттор ду аьлларг тӀекхаччалц йолчу ханна Ӏийса стигалахь хир ву.
22Муса-пайхамаро а ма аьлла:
23
24Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тӀера дуьйна, хӀара денош догӀур ду аьлла ду.
25Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.
26Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тӀеваийтира Иза, зуламечу гӀуллакхех шух хӀора а дӀадерзош, къобалдархьама».