1Юха динан коьртачу дас хаьттира Тапе: «Иштта дуй иза?» — аьлла.
2Тапас жоп делира:
3„Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гойтун болчу махка дӀагӀо“, — элира Дала ИбрахӀиме.
4Хашадхойн мохк дӀа а тесна, ХӀаран-гӀала дӀавахара ИбрахӀим. Цул тӀаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хӀинца шу Ӏаш долчу махка хьажийра.
5Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чӀагӀо йира цунна, иза а, цуьнан тӀаьхьенаш а хӀокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахӀим цу хенахь доьзалхо воцуш вара.
6Дала элира цуьнга: „Хьан тӀаьхьенах берш хийрачу махкахь тӀебаьхкина нах а хилла Ӏийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бӀе шарахь леш а бина, Ӏазапехь латтор бу уьш.
7Амма Аса таӀзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тӀаьхьа хьан тӀаьхьенаш цу махкара ара а евлла, кху меттехь Суна корта бетташ хир ю“.
8Юха Дала ИбрахӀимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахӀима, Исхьакхан да ша хилча, борхӀалгӀачу дийнахь иза хадийра. ТӀаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира.
9Тхьамданаша, Юсупца хьагӀ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира.
10Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кӀелхьарваьккхира. Дала Юсупна хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирӀун, кхунна тӀе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цӀийнан а куьйгалхо вира.
11Юха Мисарахь а, КанаӀанахь а мацалла хӀоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хӀума доцуш бисира.
12Мисарахь кӀа ду аьлла шена хезча, Якъуба цига шен кӀентий бахийтира. Уьш цига дуьххьара боьлхуш бара.
13Уьш шолгӀа баьхкича, Юсупа ша вовзийтира вежаршна. ПирӀунна а хиира Юсупан гергарчу нахах лаьцна.
14Цул тӀаьхьа Юсупа шен дега Якъубе а, гергарчу нахе а дӀакхайкхира. Цуьнан гергарчех берриг а кхузткъе пхийтта вара.
15Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира.
16Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахӀима, дато ахча а делла, Хьамуран кӀенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира.
17Дала ИбрахӀимна делла дош кхочушхуьлу хан тӀекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира.
18Цул тӀаьхьа Мисар-махкахь кхин паччахь дӀахӀоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хӀумма а ца хаьара.
19Иза вайн халкъ Ӏехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дӀатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама.
20Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хӀусамехь кхобуш вара.
21Юха иза дӀатесна витича, пирӀунан йоӀа, дӀа а ваьхьна, шен кӀант волуш санна кхиийра иза.
22Мусана Мисарахь долу дерриг а Ӏилманаш Ӏамийра. Иза дашна а, гӀуллакхна а доьналла долуш вара.
23Шен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна.
24Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гӀо а даьккхина, мисархо вийра.
25Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргӀатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира.
26ШолгӀачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гӀоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХӀунда лета шу вовшах?“
27Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьан хӀоттийна хьо?
28Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гӀерта хьо?“
29И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цӀе йолчу махка дӀавахара. Цигахь, тӀевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кӀант а вира цунна цигахь.
30Шовзткъа шо даьлча, Синай цӀе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цӀергахь малик деара.
31Муса чӀогӀа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тӀевахча, цунна Везачу Элан аз хезира:
32„Со — хьан дайн Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бӀаьрганегӀар хьалаайа а ца ваьхьаш.
33Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дӀаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду.
34Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргӀатбаха воьссина. ХӀинца дӀагӀо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“.
35Иза исраилхоша тӀе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хӀоттийна тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хӀинца хьаькам а, адам паргӀатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гӀуллакх.
36Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦӀечу хӀорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а.
37И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.
38Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тӀехь малико шега дийцинарг дӀааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама.
39Амма вайн дай, цуьнга ла а ца доьгӀна, иза дӀа а тесна, шайн дегнашкахь Мисаре юхабирзира.
40Цара элира АхӀароне: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна“.
41Цара эсанан суьртехь цӀу
42И бахьана долуш Дела дӀавирзира царна тӀера, уьш стигаларчу седарчашна Ӏибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тӀехь яздина ма ду:
43
44Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара.
45Вайн дайша ЮшаӀна тӀаьхьахӀиттина, тӀом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Ӏийна халкъаш дӀалаьхкира. Дауд паччахь хӀотталц цу махкахь дара и четар.
46Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тӀаьхьенна Далла лерина гӀишло ян.
47Амма Далла лерина цӀа Сулим-паччахьо дира.
48Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цӀа чохь Ӏаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла:
49
50
51Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду.
52Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогӀур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хӀинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна.
53Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира».
54И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгӀазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира.
55Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агӀор лаьтта Ӏийса а гира.
56«Хьовсийша, — элира цо, — суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агӀор лаьтта Адамийн КӀант а го», — аьлла.
57ТӀаккха вуьш, лергаш дӀа а къевлина, цӀогӀанашца, маьхьаршца цхьаьний тӀелетира цунна.
58Иза такхийна гӀаланах ара а ваьккхина, цунна тӀулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тӀехулара бедарш Шаул цӀе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира.
59Цара шена тӀулгаш деттачу хенахь, Тапас доӀа дира: «Ӏийса-Эла, дӀаэцахьа сан са!»
60Цул тӀаьхьа, гора а воьжна, чӀогӀа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хӀара гӀуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.