Галатахошка 1:1-24 CHE2012 - Bible AI

1ХӀара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахӀала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дӀахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Ӏийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а.

2Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Ӏийсах тешначу нехан тобанашка.

3Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна.

4Вайн къинош бахьана долуш Ша дӀавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кӀелхьардахархьама.

5Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин.

6Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тӀе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дӀа а дирзина, кхечу хьехамна тӀаьхьахӀитта дохку.

7Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш.

8Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неӀалт хуьлийла царна.

9Айса хьалха ма-аллара, хӀинца юха а боху ас: нагахь аша тӀеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неӀалт хуьлийла цунна тӀехь.

10Ткъа хӀинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хӀинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх деш верг хир вацара со.

11Аса дӀахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла.

12ХӀунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тӀеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тӀеийцира.

13Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тӀаьхьаваьллера со Ӏийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хӀаллак а еш.

14Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Ӏадаташ лардар тӀехь хьалхе йоккхуш стаг вара со.

15Со дуьненна тӀе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца,

16суна хьалха Шен КӀант дӀахӀоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а,

17я Ярушалайм-гӀала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тӀе. Амма со Ӏаьрби-махка а вахана, тӀаккха Дамасакх-гӀала юхавирзира.

18Цул тӀаьхьа, кхо шо даьлча, ШамӀа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гӀала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира.

19Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.

20Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву.

21ТӀаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со.

22Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тӀера ца вевзара.

23Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хӀаллакдан тӀаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дӀадаккха гӀиртина долу дин хӀинца кхайкхош лелаш ву», — аьлла.

24ТӀаккха суна тӀера цара Далла хастамаш бора.

e>