1Амма аса боху шуьга: тӀаьхьенах дакъа кхочун долу кӀант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хӀуманна тӀехь лех къаста ца ло.
2Цу берана тӀехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тӀехьожуш хӀоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тӀекхаччалц.
3Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Ӏадатийн а долахь.
4Ша билгалъяьккхина зама тӀекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тӀе ваьккхина волу Шен КӀант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь,
5цу хьехамийн долахь берш паргӀат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама.
6Ткъа хӀинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КӀентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Ӏийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» — бохуш.
7Цундела хьо хӀинца, лай а воцуш, Делан кӀант ву. Ткъа хьох, кӀант хилча, хьо Делехула Цуьнан тӀаьхьенах а ву.
8ХӀетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара.
9Ткъа хӀинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Ӏадаташна а тӀе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна?
10Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша!
11Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна.
12Хилийша, вежарий, со санна! ХӀунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна.
13
15Ткъа хӀинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хӀетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бӀаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх.
16Ткъа хӀинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагӀа хилла?
17Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчух леларш шуна верасалла дан гӀертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дӀа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа.
18Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Ӏаш.
19Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц.
20Лаьар-кха суна, хӀинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хӀунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух.
21Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугӀу те цу тӀехь долчуьнга?
22Цу тӀехь яздина ма-ду, ИбрахӀиман ши кӀант хилла аьлла. Цхьаъ гӀарбаш йолчу ХӀажара винарг ву, важа паргӀат йолчу ИбрахӀиман зудчо винарг ву.
23ГӀарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргӀат йолчо винарг Дала чӀагӀо еш аьллачуьнца вина ву.
24Иза шен кхин маьӀна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тӀехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХӀажар санна хуьлу.
25Ткъа Ӏаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХӀажарца» боьзна бу. Иза хӀинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХӀунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу.
26Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргӀат ю.
27Яздина ма-ду:
28Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чӀагӀонца хилла бераш ду.
29ХӀетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хӀинца а ду иштта.
30Ткъа хӀун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гӀарбаш а, цуьнан кӀант а, хӀунда аьлча гӀарбашо винчу кӀанта паргӀат йолчо винчу кӀантаца тӀаьхьадисинарг доькъур дац».
31Цундела, динан вежарий, вай гӀарбашан бераш а доцуш, паргӀат йолчун бераш ду.