1ЯхӀу-Якхам-паччахьо ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гӀалина го лецира.
2ТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо.
3Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цӀийнах бевлла болу къонахой шена тӀе схьабалабе аьлла.
4Уьш хила безара шайн догӀмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Ӏилма Ӏамо кхетам а болуш, Ӏилма девзаш а болуш, кӀорггера хьекъал а долуш, паччахьан цӀа чохь гӀуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Ӏамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а.
5Иштта паччахьо тӀедиллира хӀора дийнахь царна шен цӀа чуьра мала чагӀар далар а, яа хӀума ялар а. КхидӀа а тӀедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дӀаяьлча, уьш шена тӀебалор а.
6Цу къонахошна юкъахь бара ЯхӀудан тӀаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхӀу а, Мишаал а, Ӏазар-ЯхӀу а.
7Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цӀераш хийцира. Даниалх — Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхӀух — Шадрак элира, Мишаалах — Мешак элира, ткъа Ӏазар-ЯхӀуна Ӏабди-Нага боху цӀе тиллира.
8Паччахьан цӀа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагӀарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар.
9Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар.
10Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хӀоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гӀелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье».
11ТӀаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хӀоттийначу гӀаролхочуьнга дехар дира:
12«Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а.
13ТӀаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тӀаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь».
14Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш.
15Итт де даьлча, церан яххьаш а, догӀмаш а паччахьан кхача бууш Ӏийначарел хаза хилла карийра.
16Цул тӀаьхьа гӀароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагӀар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора.
17Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Ӏилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гӀенаш а, самах дуьхьалхӀуьтту суьрташ а тида хаар делира.
18Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тӀекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тӀебалийра.
19Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а кхочуш ца хилар. ТӀаккха хӀорш бисира паччахьан кертахь гӀуллакх дан.
20Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гӀуллакхехь а, паччахьо хӀуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.
21Иштта Ӏийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хӀоьттина хьалхара шо тӀекхаччалц.