1«Оцу хенахь хьан халкъ Ӏалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТӀаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хӀокху ханна тӀекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогӀур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тӀе дӀаязбина карор берш кӀелхьарбевр бу.
2ТӀаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила.
3Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тӀе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а.
4Ткъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».
5Цул тӀаьхьа со, Даниал, дӀахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хӀокху йистехь, важа — вукху йистехь.
6Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тӀехь лаьтташ волчу стаге
7ТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а
8Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» — аьлла.
9«ДӀавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина ду и дешнаш, — элира цо. —
10Дукхахберш цӀанлур бу, кӀайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Ӏесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу.
11СагӀа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттийначул тӀаьхьа цхьа эзар ши бӀе дезткъе итт де дер ду.
12Декъала ву цхьа эзар кхо бӀе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгӀна, оцу хене кхочун верг.
13Ткъа хьо чаккхенна тӀегӀо, вала а велла, гӀоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догӀург схьаэца».