Даниал 4:1-34 CHE2012 - Bible AI

1Со, Набухди-Нецар, аьтто а хуьлуш, сайн паччахьийн гӀишлошкахь паргӀат вехаш вара.

2Амма, со кхеравеш, суна гинчу гӀено а, вижначохь аса йинчу ойланаша а, суна дуьхьал хӀуьттучу суьрташа а синтем байира сан.

3ТӀаккха аса омра дира, Бавел-махкара берриге а хьекъалалла дерш схьабалабе аьлла, цаьрга сайна гинчу гӀенан маьӀна тидийтархьама.

4ХӀетахь баьхкира бозбунчаш а, эвлаяаш а, седа-жайна хьовсурш а, палтуьйсурш а. Аса сайн гӀан цаьрга дийцира, амма царна ца хиира цуьнан маьӀна.

5ТӀаьххьара а безачу деланийн са [3] шеца долу, Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал веара суна тӀе. (И цӀе сан делан цӀарах схьаяьлла ю.) Цуьнга дӀадийцира аса сайн гӀан:

6„Бел-Ташацар! Бозбунчийн коьртаниг! Суна хаьа хьоьца безачу деланийн [4] са дуйла а, цхьа а къайле йовза хьуна хала ца хуьлийла а. Кхетавехьа со суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчу суьртах а, цуьнан маьӀнах а.

7Вижначохь сан коьрта чохь дуьхьалхӀиттина суьрташ иштта дара: лаьтта юккъехь инзаре доккха дитт гира суна.

8И дитт доккха а, онда а дара, стигала кхоччуш лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара.

9ТӀех хаза гӀаш а, шортта стоьмаш а, массарна тоъал юург а яра цунна тӀехь. Аренашкара дийнаташна цу диттана кӀел ӀиндагӀ карадора. Стигалшкара олхазарша цуьнан гаьннашна юккъехь бенаш дора. Цуьнан стоьмаш массо а са долчу хӀумано дуура.

10Со вижначохь сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна гира Делан уллора долу гӀарол-малик стигалшкара охьадуссуш.

11Цо мохь тоьххна чӀогӀа элира: ‘ХӀара дитт дӀахададе, цуьнан генаш а хададе. Цунна тӀера гӀаш охьадегаде. Цуьнан стоьмаш дӀасакхийса. Цу диттан кӀелхьара дийнаташ дӀайовлийта. Цуьнан гаьннашна тӀера олхазарш а дӀадахийта.

12Амма аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, цуьнан коьрта орам лаьттан бухахь бита, аренийн бецашна юккъехь. Стигаларчу тхине иза тӀунбайта, ткъа цуьнан дахар лаьттарчу бецашна а, дийнаташна а юкъахь хилийта.

13Цунна, адамийн кхетам дӀа а баьккхина, экхан кхетам лур бу. Цунна ворхӀ зама гур ю.

14Далла уллора долчу гӀарол-маликийн омрано билгалдаьккхина а дара, Далла уллохь болчеран кхелаца хӀоттийна а дара, бехачарна хаийтархьама, Веза Воккхачу Дала адамийн пачхьалкхашкахь олалла дойла а, уьш Шена луучунна Цо луш хилар а, адамашна юкъахь уггар а ларамза волчунна царна тӀехь олалла далар а’.

15Иштта гӀан гира суна, Набухди-Нецар-паччахьна. Ткъа ахьа, Бел-Ташацар, цу гӀенан маьӀна де, хӀунда аьлча, сан пачхьалкхера цхьанна а хьекъалалла долчунна ца хиира цуьнан маьӀна дан. Амма хьоьга иза далур ду, хьоьца безачу деланийн [5] са долу дела“».

16«ТӀаккха Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал цхьа хан яллалц цецваьллачохь Ӏийра, ойланаша сагатдора цуьнан. Къамел долош, паччахьо элира: „Бел-Ташацар! Ахь са ма гатде и гӀан бахьана долуш а, цуьнан маьӀнин бахьаненна а“. Бел-Ташацара, жоп луш, элира: „Сан олахо! Хьо ца везаш болчу мостагӀашна хуьлийла цу гӀенан маьӀна.

17Хьуна гина долу доккха а, онда а дитт, стигала кхаччалц лекха а дара, дуьненан йистера дуьйна гуш а дара.

18Цунна тӀехь инзаре хаза гӀаш а дара, алссам стоьмаш а, массарна баа кхача а бара. Цунна кӀелахь аренгара дийнаташ Ӏара, ткъа цуьнан гаьннашна юккъехь стигалшкара олхазарша бенаш динера.

19Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чӀагӀвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду.

20Ткъа хьуна, ва паччахь, Далла уллора стигалшкара вуссуш волу гӀарол-малик гира. Цо элира: ‘И дитт дӀахададе, хӀаллакде, лаьттан бухахь цхьа коьрта орам бен ца буьтуш. Аьчкан а, цӀестан а буржалшца дӀа а къовлий, иза тӀунбайта стигаларчу тхине, аренийн дийнаташца хилийта цуьнан дахар, ворхӀ зама цунна тӀехула чекхъяллалц’, — бохург,

21хӀара ду цуьнан маьӀна, Веза Воккхачу Дала билгал а даьккхина, хьуна, сан эла, паччахьна, хила кечдинарг:

22адамех хьо дӀакъастор ву. Дийнаташца хьан вахар хир ду. Старана санна, бецаш яор ю хьуна. Стигаларчу тхино тӀадор ву хьо. ВорхӀ зама дӀаер ю, адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларх а, уьш Цо Шена луъучунна луш хиларх а хьо кхетале.

23Ткъа, диттан коьрта орам бита аьлла, динчу омрано гойту, олалла стигалшкара хиларна хьо къера хилча, хьан пачхьалкх юха а хьуна юьсург хилар.

24Цундела, паччахь, хуьлийла сан хьехам хьуна диканна. Нийсо а лелаяй, хьайн къиношна геч а дайта, къечаьрца къинхетаме а хилий, хьайн харцонаш дӀа а яха. ТӀаккха хьан беркате хилар дахдала мега“.

25Набухди-Нецар-паччахьна тӀехь и дерриг а кхочушхилира.

26Шийтта бутт хан яьлча, Бавел-гӀалахь, паччахьан гӀишлойн шерачу тхов тӀехь лелаш, паччахьо элира:

27„ХӀара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цӀе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цӀа хилийта йина йолу Бавел-гӀала!“

28И дешнаш аьлла а валале, паччахьна стигалара аз хезира: „Паччахь Набухди-Нецар, хьоьга боху, паччахьалла дӀадели хьан!

29Адамех дӀакъастош ву хьо. Аренгара дийнаташца вехар ву хьо. Бежанашца бецаш яор ю хьуна. Адамийн пачхьалкхаш тӀехь олалла деш верг Веза Воккха Дела хиларна а, уьш Шена луучунна Цо луш хиларна а хьо къера хилале, ворхӀ зама ер ю“.

30Набухди-Нецарна тӀехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дӀакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегӀ стигалара тхино тӀундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мӀараш яра».

31«И денош дӀадевлча, аса, Набухди-Нецара, бӀаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахӀоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.

32ХӀокху лаьтта тӀехь долу адамийн дахар хӀумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тӀехь бехачарна тӀехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хӀун дина?“ — аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш.

33Сан кхетам меттахӀоьттинчу хенахь сан пачхьалкхан сийлалла а, сан хьолалла а, хьалхалера дарж а юхадирзира соьга. ТӀаккха карийра со суна гонах хиллачу элашна а, уллорчу куьйгалхошна а. Со паччахьалла дан юхаметтахӀоттийра, сан сийлалла кхин а лакхаделира.

34ХӀинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хӀума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаӀо Иза ницкъ болуш а ву».

Institute for Bible Translation, 2012
iv>