1Пачхьалкхан массо а маьӀӀехь шен олалла чӀагӀдан, Дари-Ваша-паччахьна бегӀийла дара шен пачхьалкхана тӀехь цхьа бӀе ткъа тхьамда хӀоттор.
2Паччахьо оцу тхьамданашна тӀе кхо эла дӀахӀоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дӀадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза.
3Даниал кхечу элел а, тхьамданел а къаьсташ вара: цуьнгахь къаьсттина тӀех долу хьекъалалла дара. Ерриге а пачхьалкхана тӀехь иза коьртаниг а вина, дӀахӀотто дагадеанера паччахьна.
4Цундела пачхьалкхана тӀехь урхалла дарехь Даниал бехке ван бахьана лоьхуш бара элий а, тхьамданаш а. Амма иза тешаме волу дела, царна цхьа а бахьана ца карадора. Цуьнгара цхьана а тайпанара ледарло ца йолура, цхьа а бехк баккха хӀума а ца нислора.
5«Нагахь санна Даниал шен динан парзаш кхочушдарца вай бехке ца вахь, цунна дуьхьалдаккха вайна кхин бахьана карор дац», — элира цу наха.
6Цу элаша а, тхьамданаша а къайлаха барт бира паччахьна тӀебаха. Шаьш паччахь волчу баьхкича, цуьнга иштта элира цара: «Дари-Ваша-паччахь! Вехийла хьо даим!
7Массо а элаша а, тхьамданаша а, мехкан дайша а, хьехамчаша а, коьртачу кхелахоша а, вовшашлахь барт бина хьоьгара паччахьан омра далийта, ткъе итт дийнахь хьоьга, паччахь воцучуьнга, цхьаьнгга а кхечу деле я адаме дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлла.
8И омра, цхьа а хийцамаш бан йиш йоцуш хилар билгал а доккхуш, дӀаязде. ТӀаккха, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь санна, и чӀагӀо йохо йиш хир яц».
9И омра, дӀа а яздина, Дари-Ваша-паччахьо тӀечӀагӀдира.
10Ткъа Даниал, паччахьо и омра чӀагӀдинийла шена хиъча, шен цӀа чу вахара. Цуьнан лакха тӀехь йолчу чоьнан кораш Ярушалаймехьа дӀадиллина дара. ХӀинццалц ша дийнахь кхузза ма-дарра, гора а хӀоьттина, шен Далла доӀанаш а дина, Цунна хастамаш бира Даниала.
11Къайлаха барт а бина, Даниал тергалвеш лелачу адамашна, Далла хьалха доӀа а деш, шена Делера гӀо доьхуш, гира хӀара.
12ТӀаккха паччахь волчу а баьхкина, паччахье цо дина омра дагадаийтира цара: «Хьо вац и омра чӀагӀдинарг, муьлхха а стаг ткъе итт дийнахь, хьо воцучуьнга, цхьанна а адаме я Деле дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлларг?»
13«Йийсарехь болчу яхӀудхойх волчу Даниала, я хьо, паччахь, я ахь чӀагӀбина болу сацам тергал ца беш, дийнахь кхузза доӀанаш до, гора а хӀуттий» — аьлла, дийцира цара паччахье.
14И шена хезча, паччахьна чӀогӀа халахеттера. Даниал кӀелхьарваккха дагахь, малх бузале цунна чӀогӀа гӀо дан гӀоьртира иза.
15Амма цу наха, цхьаьна а кхетта, чӀогӀа хьовзийра паччахь. Цара бохура: «Хаа ду хьуна, паччахь, мадайхойн а, парсихойн а Ӏедалехь цхьаьна а билгалдаккхаро я сацамо паччахьо чӀагӀдинарг хийца йиш йоцийла».
16ТӀаккха паччахьо Даниал, шена тӀе а валавайтина, лоьмаш чохь долчу ор чу кхоссийтира. Даниале паччахьо элира: «Гуттара а ахь Шена Ӏибадат деш волчу хьан Дала хьо кӀелхьарвоккхур ву!»
17ТӀаккха, тӀулг а беана, оран бертиг дӀакъевлира. Ткъа паччахьо иза шен а, шен уллорчу куьйгалхойн а мухӀарш тохарца дӀакъевлира, цхьана а стеган Даниалх бина болу сацам хийца йиш ца хилийтархьама.
18Цул тӀаьхьа паччахь, шен цӀийнан гӀишло чу а вахана, юург а ца юуш, дӀавижира, ур-атталла цхьана а тайпана шен самукъадаккхар а ца магош. Амма наб яйнера цуьнан.
19Ӏуьйранна сатоссуш хьала а гӀаьттина, сихха лоьмийн орана тӀевахара паччахь.
20Орана тӀе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Ӏибадат деш волчу хьан Деле кӀелхьарваккхавеллий хьо?»
21ТӀаккха Даниала паччахье элира: «Паччахь! Вехийла хьо даим!
22Сан Дала Шен малик даийтина. Цу малико лоьмийн батош дӀакъевлина. Со Далла хьалха цӀена волу дела, лоьмаша цхьа а тайпана зен-зулам ца дина суна. Ткъа хьуна хьалха а, паччахь, аса цхьа а тайпана зулам ца дина».
23Паччахьна иза чӀогӀа хазахийтира. Ор чуьра Даниал хьалаваккхийтира цо. Даниална тӀехь цхьа а тайпана хилла чов яцара, иза шен Делах тешаш хилла дела.
24Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТӀаккха цара, даьӀахкаш а кегъеш, хӀаллакбира уьш.
25Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира:
26Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьӀӀехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла,
27
28Цул тӀаьхьа Дари-Вашас паччахьалла динчу заманчохь а, парсихойн Къуреша паччахьалла динчу хенахь а, аьтто а хуьлуш, дика вехира Даниал.