1ХӀорш ду Даудан тӀаьххьара дешнаш:
2
3
4
5
6
7
8ХӀорш ю Даудан майрачу тӀемалойн цӀерш:
9Оцу кхаанна юкъара шолгӀаниг ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар хилла. ПӀелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тӀаме тӀекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПӀелаштамхой цигахь тӀом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла.
10ЭлиӀазар хилла цигахь, пӀелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тӀом беш. Цо, шен куьг, кӀад а делла, туьрана тӀелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиӀазар толам баьккхина ваьллачул тӀаьхьа, тӀемалой тӀегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тӀера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хӀума ца диснера.
11КхоалгӀаниг хилла ХӀарар-гӀалара волу АгӀин кӀант Шама. Лахьи цӀе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дӀайийначу кха тӀехь, тӀом бан схьагулбелла пӀелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пӀелаштамхойх дедда дӀадахана.
12Амма Шамас, цу кха юккъехь дӀа а хӀоьттина, пӀелаштамхой эша а бина, и меттиг кӀелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла.
13Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пӀелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогӀи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Ӏадулам олучу хьеха чу.
14Дауд цу хенахь чӀагӀйинчу меттехь вара, ткъа пӀелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гӀалахь хилла.
15Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?»
16ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира.
17Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала.
18Йоабан ваша, Царуятан кӀант волу Абушай, цу ткъе итт тӀемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бӀе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза.
19Цу кхаа турпалхочун чул а чӀогӀа цӀе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дӀахӀоьттина а вара, амма иза церан могӀаре вогӀуш вацара.
20ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гӀараваьллачу шина баьччанан
21Кхин а цхьа чӀогӀа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хӀара карахь гӀаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхӀус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна.
22И тайпа хьуьнаре гӀуллакхаш дина хилла ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вевзаш вара.
23Иза ткъе иттаннал чӀогӀа цӀе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийра БенъяхӀу.
24Коьрта ткъе итт тӀемалочунна юкъабогӀуш бара:
25хьародхой болу Шама а, Эликха а,
26палтихо волу Хьелац,
27Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,
28ахьохьахо Цалмун,
29натӀупатхо волчу БаӀнин кӀант Хьалид,
30пӀарӀатунхо БенъяхӀу,
31Ӏарбатхо волу Абу-Ӏалбан,
32шаӀалбанхо Элияхьба,
33хӀарархо ШамаӀ,
34маӀхахочун Ахьасбин кӀант Эли-Пулат,
35кармалхо Хьецари,
36Цобарчу Натин кӀант ИгӀал,
37Ӏамминхо волу Цалакх,
38итархо волу Ӏира,
39хьетахо волу УръяхӀу.