1Стигалахь цхьа йоккха билгало дӀахӀоьттира. Цигахь малхах дина духар тӀехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кӀел бутт бара. Ткъа коьрта тӀехь шийтта седа болу таж дара.
2И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.
3Кхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара.
4Стигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама.
5Оцу зудчо кӀант вира. Иза аьчка гӀожаца массо а халкъашна тӀехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦӀеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Ӏаршана тӀе дӀадигира.
6Ткъа и зуда яьссачу аренга дӀаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.
7Стигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира.
8Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна.
9И боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.
10ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура:
11
12
13Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира.
14Ткъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тӀам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тӀема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дӀа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара.
15ТӀаккха зудчунна тӀаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дӀаяхьийтархьама.
16Амма Лаьтто гӀо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дӀасадаханчу лаьттан кийрано дӀахуьйдира.
17Саьрмик чӀогӀа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тӀаьхьенах болчу кхечаьрца тӀом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.