1ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла.
2ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь — шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь — толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.
3Цара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура:
4
5Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжира. ТӀаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дӀаеллаелира.
6Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара.
7Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.
8ТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.