1Цул тӀаьхьа суна гира стигалара охьадогӀу кхин а цхьа малик. Цуьнан долахь доккха олалла дара. Оцу маликан нуьро латта къагийра.
2Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели-кх йоккха Бавел-гӀала. Жинашна Ӏан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дӀалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.
3ХӀунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагӀар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дӀахӀиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».
4ТӀаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна:
5
6
7
8
9ТӀаккха, и гӀала йогуш, цунах хьалабаьлла кӀур шайна гича, цу гӀалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.
10Цу гӀалина тӀедеанчу Ӏазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дӀа а хӀиттина, цара эр ду:
11Оцу гӀалина хилларг бахьанехь боьлхуш а, гӀайгӀанехь а хир бу дерриг а дуьнен чуьра совдегарш а. ХӀунда аьлча церан юхкуш йолу хӀуманаш хӀинца цхьаммо а оьцуш яц.
12Уьш яра дашо а, дато а хӀуманаш а, деза тӀулгаш а, жовхӀарш а, дуткъачу кӀадих йина хӀуманаш а, таьӀна-цӀен долу кӀадеш а, дареш а, цӀарула-цӀен бос болу кӀадеш а. Иштта духкуш дара цара массо а тайпана хаза хьожа йогӀу дечиг а, пийлан кӀомсарех йина йолу тайп-тайпана хӀуманаш а, уггар а дезачу дечигах йина йолу массо а тайпана хӀуманаш а, цӀаста а, эчиг а, шагатӀулг а,
13хаза хьожа йогӀу даьтта а, хаза хьожа йогӀу кӀур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагӀар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагӀий а, дой а, гӀудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш.
14Цара эр ду: «Хьайн дола яха хьо хьегна мехала хӀуманаш ерриш а хьан долара дӀаевлла. Дерриге а сийлалла а, возалла а дайна, йиси хьо. Уьш кхин хир дац хьан».
15И массо а хӀуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дӀахӀуьттур бу. Боьлхуш а, гӀайгӀанехь а болуш,
16цара эр ду:
17
18Цара, йогучу гӀалин цӀерах хьалаболу кӀур а гина, элира: «Муьлха гӀала яра те цу йоккхачу гӀаланах тера?!»
19ТӀаккха шайн кортош тӀе ченаш тийсира цара. ГӀайгӀане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура:
20Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.
21Цхьана нуьцкъалчу малико, хьеран боккхачу тӀулгах тера болу тӀулг схьа а эцна, хӀорда чу кхоьссира. Цо элира:
22
23
24Кху гӀалахь карийнера байинчу пайхамарийн а, Делан нехан а, массо а кху лаьттахь байинчеран а цӀий!