1Цул тӀаьхьа, йоккхачу тобано олуш санна, стигалара чӀогӀа аз хезира суна. Цо бохура:
2
3ШозлагӀа а олуш хезира суна:
4ТӀаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Ӏаршана тӀехиъна Ӏаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»
5ТӀаккха оцу Ӏаршара схьадолу кхин а аз хезира. Цо бохура:
6Суна хезира йоккхачу тобанна чуьра долуш санна долу аз а. Чухчарин гӀовгӀанах я чӀогӀачу стигалан къекъарх тера дара и аз. Цо бохура:
7
8
9Малико соьга элира: «ДӀаязде: „Декъала бу Ӏахаро зуда ялорна дӀахӀоттийначу тойне кхайкхинарш“». Кхин а цо элира: «ХӀорш билггал бакъдолу Делан дешнаш ду».
10Со цуьнан когашка вуьйжира, цунна хьалха Ӏибадат дан дагахь, амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь! Со а ду Далла гӀуллакх деш дерг, хьо а, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш болу хьан вежарий а санна. Далла бен ма де Ӏибадат! ХӀунда аьлча Делера болчу хаамийн дух Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла ду».
11Суна гира дӀаеллаелла стигал. Цигахь лаьтташ кӀайн дин бара. Цу тӀе хиъна Волчух тешаме Верг а, билггал волу бакъ Верг а олу. Цо кхел яр а, тӀом бар а нийсонца леладо.
12Цуьнан бӀаьргаш йогуш йолчу цӀерах тера ду. Ткъа Цуьнан коьрта тӀехь дуккха а таьжнаш ду. Цунна тӀехь язйина, Цунна Шена бен, кхин цхьанна а хууш йоцу цӀе ю.
13ЦӀийно тӀадийна оба яра Цунна тӀехь. Беречун цӀе «Делан Дош» ю.
14Цунна тӀаьхьахӀиттина догӀуш дара стигалан эскарш. Церан дошлой кӀайчу дойшна тӀехь бара, ткъа царна тӀехь яра цӀеначу дуткъачу лепаш долчу кӀадих йина бедарш.
15Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тӀехь толам баккхархьама. Аьчка гӀожаца Цо олалла дийр ду царна тӀехь. Массо а ницкъийн Делан оьгӀазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
16Цуьнан духар тӀехь а, хаьн тӀехь а язйина иштта цӀе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
17ТӀаккха суна гира малхехь лаьтташ долу цхьа малик. Цо, аз а айдина, мохь туьйхира стигална юккъехула тӀемадаьлла доьдучу массо а олхазаршка: «ТӀема а довлий, схьагулло Делан доккхачу тойне.
18Аша дӀадаа паччахьийн а, тӀеман коьртачу хьаькамийн а, тӀемалойн а дилха а, иштта дойн а, церан дошлойн а, паргӀат болчу массеран а, леш болчеран а, лараме боцучеран а, цӀеяхначийн а дилха а».
19ТӀаккха суна гира экха а, дуьнен чуьра паччахьаш а шайн эскаршца цхьаьна. Уьш гулделлера оцу дин тӀе хиъна Волчунна а, Цуьнан эскарна а дуьхьал тӀом бан.
20Амма экха а, цунна хьалха тамашийна билгалонаш еш хилла волу харцпайхамар а схьалецира. Оцу шен гӀуллакхашца цо Ӏехийнера экханан мухӀар шайна тӀедиллийтинарш а, экханан суьртана Ӏибадат дийраш а. Экха а, харцпайхамар а, ший а дийна доллушехь, чохь саьмгал долчу а, цӀе яьлла богучу а Ӏома чу тесира.
21Ткъа бисина болу кхиберш дин тӀе хиъна Волчун багара схьадолучу туьраца байира. Дерриге а олхазарша шаьш дуззалц церан дилха диира.