1«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде:
2„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна.
3Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира.
4Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хӀума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дӀатесна.
5Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.
6Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.
7Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:
8Симран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:
9„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду.
10Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.
11Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:
12«Паргам-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:
13„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а.
14Делахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хӀума ду Сан. БалиӀаман хьехамаш тӀелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гӀуллакхаш леладайта Ӏамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цӀушна сагӀина лерина еана хӀума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хӀума леладойтура исраилхошка.
15Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь.
16Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах.
17Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:
18«Иштта Тхьайтир-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде:
19„Суна девза шун гӀуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гӀо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тӀаьххьарлера гӀуллакхаш хьалха дина долчу гӀуллакхел сов дуйла а.
20Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хӀума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цӀе йолчу зудчунна дан магош доцу гӀуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хӀуманаш а леладойтуш, цӀушна сагӀина еана хӀума а йоуьйтуш.
21Аса Сайна тӀеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гӀуллакхех дӀаерза.
22ХӀинца Ас цамгарийн Ӏазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гӀуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гӀуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тӀе ца берзахь.
23Цуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.
24Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кӀоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тӀаьхьахӀиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тӀе ца йохку Ас шуна.
25Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’.
26
29Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».