Довзийтинарг 20:1-15 CHE2012 - Bible AI

1Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра.

2Шех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико.

3Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу.

4Цул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.

5(Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза.

6Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.

7И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дӀахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГӀогӀ а, МагӀогӀ а, Ӏехадеш арадер ду и. Цо тӀаме схьагулдийр ду, хӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха долу адамаш.

8Уьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара — иза Далла езна йолу гӀала ю.

9Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира.

10Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.

11Цул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира.

12ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира — иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна.

13ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира.

14Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.)

15Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.

cle>