Довзийтинарг 4:1-11 CHE2012 - Bible AI

1Цул тӀаьхьа со хьалахьаьжира. Стигалахь дӀаеллаелла неӀ гира суна. Хьалха а хезна долу, турбана чуьра арадолуш санна долу, аз хезира суна. Цу озо соьга бохура: «Хьалавала кхуза, кхул тӀаьхьа хила дезарг гойтур ду Ас хьуна».

2Цу сохьта суна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Ӏарш, шена тӀехь охьахиъна Верг а волуш.

3Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цӀе йолу деза тӀулгаш санна, можачу а, цӀечу а басахь лепара. Цуьнан гӀантана гонах, «изумруд» цӀе йолу тӀулг санна, лепаш стелаӀад дара.

4Ӏаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гӀант дара. Царна тӀе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тӀехь кӀайн духар дара. Церан кортош тӀе диллина дашо таьжнаш дара.

5Цу Ӏаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГӀантана хьалха богуш ворхӀ къуьда бара. Уьш Делан ворхӀ Са ду.

6Цу Ӏаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хӀорд бара.

6Ткъа Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Ӏаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалх а, тӀехь а шорта бӀаьргаш дара церан.

7Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгӀа дийнат старгӀанах тера дара. КхозлагӀчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгӀаниг тӀемаяьллачу аьрзунах тера дара.

8Цу деъа а дийнатан хӀораннан а гонах ялх-ялх тӀам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бӀаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура:

8«Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогӀун волу а массо ницкъийн Веза Дела», — бохуш.

9Цу дийнаташа Ӏаршана тӀе хиъна волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а,

10и ткъе виъ къано Ӏаршана тӀехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тӀейогӀучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Ӏаршана хьалха охьа а дохкуш, олу:

10

11«Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дӀаэца. ХӀунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».

le>