1ТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара.
2Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?»
3Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь
4И тептар дӀа а диллина, иза деша а, я цу тӀе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира.
5Оцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».
6ТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш.
7Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира.
8ТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара.
9Цара, керла эшар а локхуш, бохура:
10
11Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш — эзарзза эзарнаш.
12Цара, аз чӀагӀ а деш, олура:
13Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а — царна чохь долчу массо хӀумано а — олуш хезира суна:
14Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.