Довзийтинарг 7:1-17 CHE2012 - Bible AI

1Цул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама.

2ТӀаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухӀар дара. Оцу малико лаьттана а, хӀордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира:

3«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна».

4И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара.

4

5Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна; Раабанан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Гадин тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана;

6Ашаран тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Напталан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Маннашан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана;

7ШимӀин тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Левин тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Иссарханан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана;

8Забулан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Юсупан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана; Бен-Яманан тӀаьхьенах а — шийтта эзар стагана.

9Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.

10Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!»

11Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара.

12«Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чӀагӀо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тӀейогӀучу заманна! Амин!» — бохура оцу маликаша.

13Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кӀайн обанаш тӀеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?»

14Ас цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТӀаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цӀан а дина, Ӏахаран цӀийца кӀайдина.

15Цундела уьш Делан олаллин гӀантана хьалха лаьтташ бу хӀинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цӀа чохь Далла гӀуллакх до. Ӏарша тӀе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Ӏийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.

16ХӀинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.

17ХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».

le>