1Лаьтта тӀехь массо а адамашна юкъахь буьйцу мотт а цхьаъ бара, цара олуш долу дешнаш а цхьатерра дара.
2Малхбалехьара дуьйна доладелла и адам, ШанӀар-махкахь шера аре а карийна, цигахь даха охьахиира.
3«Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цӀергахь ягор ю вай», — элира цара вовшашка. Иштта тӀулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан.
4Цара элира: «ГӀала а, цу чохь стигала а кхочуш бӀов а хӀоттор ю вай ваьшна, хӀокху лаьттахь массанхьахула дӀаса ца даржадайта, цӀе а йоккхуьйтур ю вай вешан».
5Адамаша кхуллуш йолчу гӀалане а, бӀаьвне а хьажа охьавоьссира Веза Эла.
6Везачу Эло элира, цаьрга а хьаьжна:
7Дуьло, охьа а диссина, цара буьйцу мотт дӀаэбийр бу вай, уьш вовшаша дуьйцучух а ца кхоьтуьйтуш».
8ТӀаккха Везачу Эло и халкъ массо а лаьттахула дӀасадаржийра, цара хӀоттош йолу гӀала чекх а ца йоккхуьйтуш.
9Цу гӀаланах цара Бавел-гӀала элира (иза ду Ӏебархойн маттахь «Эбина-гӀала»), хӀунда аьлча цигахь Лаьттара массо а къаьмнийн буьйцу мотт Везачу Эло эбина дела. Цигара дуьйна доладелира Везачу Эло хӀокху лаьтта тӀехь массо а маьӀӀе адам даржадар.
10ХӀара ду Шимин тӀаьхьенах хилларг.
11Арпахшад хиллачул тӀаьхьа Шима кхин а пхи бӀе шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
12Арпахшадан ткъе пхийтта шо кхаьчча, цуьнан Селахь хилира.
13Селахь хиллачул тӀаьхьа Арпахшад диъ бӀе кхаа шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
14Селахьан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан хилира кӀант Ӏебар.
15Ӏебар хиллачул тӀаьхьа Селахь диъ бӀе кхаа шарахь вехира, кхин кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.
16Ӏебаран ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант ПалагӀ хилча.
17ПалагӀ хиллачул тӀаьхьа Ӏебар диъ бӀе а ткъе итт шарахь вехира. Цуьнан а кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира.
18ПалагӀан ткъе итт шо кхаьчча, цуьнан Рахьу хилира.
19Рахьу хиллачул тӀаьхьа ПалагӀ ши бӀе исс шарахь вехира. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
20Рахьун ткъе дейтта шо кхаьчнера, цуьнан кӀант СерагӀ хилча.
21СерагӀ хиллачул тӀаьхьа Рахьу вехира ши бӀе ворхӀ шарахь. Цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира.
22Ткъе итт шо кхаьчча, СерагӀан хилира кӀант Нахьир.
23Нахьир хиллачул тӀаьхьа СерагӀ вехира шина бӀе шарахь, кхин а кӀентий а, йоӀарий а хуьлуш.
24Нахьиран ткъе исс шо кхаьчча, цуьнан кӀант ТӀахьир хилира.
25ТӀахьир хиллачул тӀаьхьа Нахьир вехира цхьа бӀе ткъайоьсна шарахь. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.
26ТӀахьиран кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа, цуьнан хилира кӀентий Ибрам, Нахьир, ХӀарон.
27ХӀара ду ТӀахьиран тӀаьхьенах хилларг.
28ХӀарон дӀакхелхира ша винчу Хашад-махкара Ур-гӀалахь, шен да ТӀахьир дуьненчохь а волуш.
29Ибрама а, Нахьира а шайна зударий балийра. Ибраман зудчун цӀе Сарет яра, ткъа Нахьиран зудчун цӀе Малкан яра. Малкан а, Йиска а ХӀаронан ши йоӀ яра.
30Сарет доьзалхо хуьлуш яцара, цуьнан цхьа а бер дацара.
31ТӀаккха ТӀахьир, шеца шен кӀант Ибрам, шен кӀентан ХӀаронан кӀант ЛутӀа а, нус Сарет а (шен кӀентан Ибраман зуда), эцна, Хашад-махкара Ур-гӀалара КанаӀан-махка ваха аравелира. Амма ХӀаран-гӀала кхаьчча, цигахь севцира уьш.
32ХӀаран-гӀалахь шен ши бӀе пхи шо долуш ТӀахьир дӀакхелхира.