1Везачу Эло элира Ибраме:
2
3
4Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара.
5Цо шен зуда Сарет а, вешин кӀант ЛутӀа а вигира шеца. ХӀаранехь ша да мел волу хӀума схьаийцира цо. Шен долахь болу леш а дӀабигира цо. Ибрам а, цуьнца берш а, ХӀаран-гӀала дӀа а тесна, КанаӀан цӀе йолчу махка баьхкира.
6Цу махкахула дӀа а вахана, Шехем цӀе йолу гӀала йолчу а, МорахӀ цӀе йолу ножан деза дитт долчу а кхечира Ибрам. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара канаӀанхой.
7Ибрамна хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ХӀара латта Ас хьан тӀаьхьенна дӀалур ду».
8Цигара дӀа а вахана, Бетал-гӀалина малхбалехьа долчу лаьмнашка велира Ибрам. Цигахь цо шен четар дӀахӀоттийра. И волчуьра малхбузехьа лаьтташ Бетал-гӀала яра, малхбалехьа ГӀай-гӀала яра. Цу меттехь кхин а цхьа сагӀа доккху меттиг а кечйина, Ибрам Везачу Эле кхайкхира.
9Юха, новкъаваьлла, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арехьа кхидӀа а вахара иза.
10ЧӀогӀа мацалла хӀоьттира цу махкахь, цундела Ибрам ваха Мисар-махка дӀавахара.
11Шаьш Мисар-махка дӀакхочуш, цо элира шен зудчуьнга Сарете:
12Мисархошна хьо гича, цара эр ду: „Иза цуьнан зуда ю“. Цара со вуьйр ву, хьо шайна йитархьама.
13Хьо сан йиша ю ала цаьрга, тӀаккха цара со вуьйр вац. Со хьан ваша ву моьттуш, уьш соьца дика хир бу, ткъа ахь сан са кӀелхьардоккхур ду».
14Иштта хила а хилира иза. Ибрам Мисар-махка веача, мисархошна Саретан хазалла гира.
15ПирӀунна гонах болчу элашна а гира Сарет. Цара пирӀуне элира, иза исбаьхьа зуда ю аьлла. ПирӀуно иза шен цӀийне схьаялаяйтира.
16Ибрам Саретан ваша ву моьттуш, пирӀун цуьнца дика вара. Цо Ибрамна дуккха а даьхни а, уьстагӀий а, варраш а, эмкалш а, ялхой-божарий а, ялхой-зударий а белира.
17Амма Ибраман зуда Сарет дӀайигар бахьана долуш, Везачу Эло хала цамгарш яхкийтира пирӀунна а, цуьнан чохь болчарна а тӀе.
18ТӀаккха, Ибрам схьа а кхайкхина, элира пирӀуно:
19Иза хьайн йиша ю ахь аьлча, сайна йига дагахь хиллера со. ХӀара ю хьуна хьан зуда, иза, схьа а эций, дӀагӀо кхузара!» — аьлла.
20Шен ялхошка, Ибрам Мисарара араваккха аьлла, омра дира пирӀуно. Цара Ибрам, шен зуда а, дерриг а шен долахь дерг а эцна, дӀахьажийра цигара.