1Веза Эла юха а ИбрахӀимна дуьхьалхӀоьттира. Мамарин долахь долчу ножан дезачу дитташна уллохь вехаш вара ИбрахӀим. Де дохделлачу хенахь шен четар кӀелахь, араволучу меттехь, Ӏаш вара иза.
2Хьалахьаьжначу цунна гира гена воццуш хьалха лаьтта кхо стаг. Уьш а гина, дуьхьалведда, лохха царна хьалха охьатаьӀира ИбрахӀим.
3«Эла! — элира ИбрахӀима, — Хьо суна реза велахь, доьху хьоьга, хьайн ялхо волчохь жимма сацахь.
4Аса шун когаш била хи а доуьйтур ду, оцу дитта кӀел садаӀа меттиг а ю шуна.
5Шайн догӀмашкахь гӀора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидӀа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча».
6Юха сихонца четар кӀел а вахана, Сарате элира ИбрахӀима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де».
7ТӀаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дӀа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо.
8Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хӀоттийра ИбрахӀима, ткъа ша царна уллохь дитта кӀелахь сецира, уьш хӀума юуш болчу юкъана.
9Цара хаьттира ИбрахӀиме: «Хьан зуда Сарат мичахь ю?»
10«Со бӀаьста юхавогӀур ву, — элира царах цхьаммо, — цу хенахь хьан зудчун Саратан кӀант хир ву».
11ИбрахӀим а, Сарат а чӀогӀа хенара дара, Сарат бер хуьлучу хенара яьллера.
12Ела а йоьлуш, ша-шега бохура цо: «Со къена ю, сан майра а ву къена. Оьший-те суна и ирс?»
13ТӀаккха Везачу Эло элира ИбрахӀиме: «Сарата, ела а йоьлуш, хӀунда боху, шен бер хир дуй-те, ша къена ма ю?
14Везачу Элана дан хала хӀумма а дуй? ХӀан-хӀа! Айса ма-аллара, Со бӀаьста юхавогӀур ву, цу хенахь Саратан кӀант хир ву».
15Сарата элира: «Со йоьлуш яцара!» Ша кхераелла дела элира цо иштта. Амма Везачу Эло элира: «ХӀан-хӀа, хьо елаелира».
16ТӀаккха божарий, хьала а гӀевттина, лакхара чухьаьвсича, Седам-гӀала гун йолчу метте бахара. Уьш новкъабаха тӀаьхьавелира ИбрахӀим.
17Везачу Эло элира Ша-шега: «Со дан воллург Ас ИбрахӀимах лачкъор дац.
18ИбрахӀимах доккха а, нуьцкъала а халкъ схьадер ду, дуьнен чуьра дерриг а халкъаш цуьнгахула декъал а хир ду.
19Аса ИбрахӀим хаьржина, цуьнга весет дайтархьама шен берашка а, тӀаьхьенашка а, Везачу Элана ма-лаъара, нийсонца а, хьанал а даха аьлла. ТӀаккха Везачу Эло Ша дийр ду аьлларг дерриг а дийр ду цунна».
20Юха Везачу Эло элира: «Седаман а, Ӏаморан а бахархошна дуьхьал аьрзнаш дукха ду, уьш къинойх буьзна бу аьлла.
21Суна ма-хаззара гӀуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тӀаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна».
22Божарий Седам-гӀала йолчухьа дӀабуьйлабелира, ткъа ИбрахӀим Везачу Элана хьалха лаьтташ вара.
23Везачу Элана герга а веана, цо хаьттира: «Веза Эла, Хьайн лаамехь берш а, лаамехь боцучаьрца хӀаллакбан дага-м ца деана Хьуна?
24ХӀун хаьа, цу гӀалахь шовзткъе итт Хьан лаамехь стаг вуйла? ХӀетте а и гӀала йохор ю Ахьа? Шовзткъе итт Хьан лаамехь волчу стеган дуьхьа цу гӀалех къинхетам бийр бац Ахьа?
25Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гӀала а йохош, Хьан лаамехь верг хӀаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц — уьш массо а хӀаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?»
26ТӀаккха Везачу Эло элира: «Нагахь Седам-гӀалахь Суна шовзткъе итт Сайн лаамехь волу стаг каравахь, церан дуьхьа Аса цу ерриг а гӀалех къинхетам бийр бу».
27ИбрахӀима элира: «Новкъа Ӏуьллу чамхалган меха волу со Хьоьца къамел дан хӀутту, Хьалдолу Эла.
28Масала, пхиъ тӀе а ца тоьъна, гӀалахь шовзткъе пхиъ бен Хьан лаамехь верг ца хилахь? И пхиъ тӀе ца тоьъна аьлла, ерриг а гӀала йохор ю Ахьа?»
29Юха а хаьттира ИбрахӀима: «Ткъа Хьайна шовзткъа Хьан лаамехь волу стаг бен ца каравахь, йохор юй Ахьа и гӀала?»
30«Хьалдолу Эла, доьху Хьоьга суна оьгӀаз ца вахар, пурба лохьа Хьайга хатта: нагахь гӀалахь ткъе итт бен Хьан лаамехь стаг ца хилахь, йохор юй Ахьа иза?» — аьлла, хаьттира ИбрахӀима.
31ТӀаккха ИбрахӀима элира: «Волавеллачуьра кхин а хоттур дара аса, Хьалдолу Эла: нагахь гӀалахь Хьан лаамехь ткъа стаг хилахь?»
32Юха а вистхилира ИбрахӀим: «Хьалдолу Эла, оьгӀаз ма гӀахьара Хьо аса кхин цкъа а хаттарна: нагахь Хьуна итт Хьайн лаамехь волу стаг каравахь цу гӀалахь?»
33ИбрахӀимца долу къамел чекх а даьккхина, дӀавахара Веза Эла. ИбрахӀим а шен цӀа юхавирзира.