1Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тӀехь мел йолу хӀума а.
2ВорхӀалгӀа де тӀедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гӀуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, Дала садаьӀира.
3ТӀаккха и ворхӀалгӀа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гӀуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьӀира.
4ХӀара ду стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь.
5Цу хенахь лаьтта тӀе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хӀунда аьлча Дала хӀинца а догӀа ца даийтинера лаьтта тӀе, адам а ца хиллера и латта лело.
6Ткъа лаьтта тӀера Ӏаь хьалайолура, и дерриге а латта тӀада а деш.
7ТӀаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.
8ТӀаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Ӏедан цӀе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра.
9Цу лаьтта тӀехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тӀехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тӀера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.
10Цу бешахь хи тохархьама, Ӏедан-меттигера схьадолура хи, тӀаккха иза деа декъе декъалора.
11Цхьаннан цӀе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тӀехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу.
12(Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегӀазах тера а йолуш, хаза хьожа йогӀу хӀума а, «оникс» олу деза тӀулгаш а ду).
13ШолгӀачу хин цӀе ю Гихьон, иза тӀехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тӀехула.
14КхоалгӀачу хин цӀе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгӀа хи ду Эпрат.
15ТӀаккха Везачу Дала адам Ӏедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Ӏалаш а йойтуш.
16Ткъа цу стагана Везачу Дала тӀедиллира: «Массо а дитт тӀера стом баа мегар ду ахьа,
17амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тӀера ма баалахь, хӀунда аьлча ахьа оцу тӀера стом биинчу дийнахь валарца дӀавер ву хьо», — аьлла.
18ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».
19Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дӀахӀоттийра, цу стага царна хӀун цӀераш тохку хьожуш. ТӀаккха оцу са мел долчу хӀуманна адамо елла цӀераш йитира.
20Иштта елира адамо цӀераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогӀуш йолу гӀоьнча.
21ТӀаккха Везачу Дала чӀогӀа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пӀенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дӀакъевлира.
22Цул тӀаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пӀендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.
23Адамо элира:
24Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.
25И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.