Доладалар 22:1-24 CHE2012 - Bible AI

1Цул тӀаьхьа, ИбрахӀиман Шех тешар зен а лиъна, Дала элира: «ИбрахӀим!» ИбрахӀима жоп делира: «Со ладугӀуш ву».

2ТӀаккха Дала элира: «Хьайн цхьаъ бен воцу, хьайна дукхавезаш волу кӀант Исхьакх, Мори-махка дӀа а вигий, Ас гойтун болчу лома тӀехь, вен а вей, сагӀина вагаве».

3Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, шен вираца, Исхьакх а, ши ялхо а эцна, сагӀа деш даго дечиг а даьккхина, Дала шега гӀо аьллачу метте дӀавахара ИбрахӀим.

4КхозлагӀчу дийнахь, корта хьала а айина, дӀахьаьжначу ИбрахӀимна геннахь шаьш доьлху меттиг гира.

5ИбрахӀима элира шен ялхошка: «Вираца кхузахь совца, ткъа со а, кӀант а, цига дӀа а вахана, Далла лерина гӀуллакх а дина, юхавогӀур ву».

6СагӀа доккхуш даго кечдина дечиг Исхьакхан белш тӀе а диллина, урс а, цӀе а схьаийцира ИбрахӀима. Цхьаьний дӀаволавелира и шиъ.

7Шен дега ИбрахӀиме элира Исхьакха: «Дада!» «Суна дечиг а, цӀе а го, — элира Исхьакха, — ткъа сагӀа доккхуш вай багор болу Ӏахар мичахь бу?»

7«ХӀун боху ахь, сан кӀант?» — хаьттира ИбрахӀима.

8«Дала Ша боуьйтур бу сагӀа даккха Ӏахар, сан кӀант», — элира ИбрахӀима. КхидӀа а цхьаьний дӀавахара и шиъ.

9Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахӀима сагӀа даккха меттиг кечйира, тӀулгаш а дехкина. Царна тӀе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тӀе шен кӀант Исхьакх охьавиллира цо.

10Урс схьа а эцна, шен кӀантана иза хьакха кечвелира иза.

11Амма Везачу Элан Малико сацийра ИбрахӀим, стигалара охьа а кхайкхина: «Ва ИбрахӀим!»

11«Со кхузахь ву», — аьлла, жоп делира ИбрахӀима.

12Малико элира: «Ма велахь кӀант, цунна зе ма делахь. ХӀинца го Суна, хьо Дела лоруш а, Цунна муьтӀахь а вуйла. Суна го, хьайн цхьаъ бен воцу кӀант Сан дуьхьа ахь ца кхоор».

13ДӀахьаьжначу ИбрахӀимна гира, коьллех маӀаш а тийсалуш, лаьтта ка. ТӀевахана, схьа а лаьцна, шен кӀентан метта Далла леринчу сагӀина и ка бийра цо.

14Цу меттигна ИбрахӀима «Везачу Эло оьшург ло» аьлла, цӀе тиллира. Тахана а олу наха: «Кху лома тӀехь Везачу Эло оьшург ло», — олий.

15Юха а ИбрахӀиме стигалара кхайкхира Везачу Элан Малик:

16«Сайх дуй буу Ас, — боху Везачу Эло, — Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кӀант ца кхоош, ахь иза дина,

17цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагӀийн гӀаланаш схьайохур ю.

18Хьан тӀаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтӀахь хиларна дийр ду Ас хьуна».

19ИбрахӀим шен ялхой болчу юхавеара. Уьш цхьаьний Беар-ШабаӀе схьабаьхкира. ИбрахӀим вехаш кхин а Ӏийра цигахь.

20И дерриг а хиллачул тӀаьхьа ИбрахӀиме хаам кхечира: «Хьан вешин Нахьиран а, цуьнан зудчун Малкин а хӀинца бераш ду.

21Дуьххьарлера кӀант ӀуцӀа ву, шолгӀа кӀант Буз ву, кхозлагӀа кӀант — Къамуал, Араман да ву.

22Кхин а Хашад а, Хьоза а, Пилдаш а, Идалп а, Бетаал а ву».

23Бетаал Ребикхин да ву. Малка оцу бархӀ кӀентан нана ю, ткъа ИбрахӀиман ваша Нахьир церан да ву.

24Нахьиран кхин виъ кӀант ву, цуьнан гӀарбаша Реумис вина — Тебахь а, Гахьам а, Тахьаш а, МаӀха а.

>