1Якъуб шена тӀе а кхайкхина, иза декъалвинчул тӀаьхьа цунна тӀедожийра Исхьакха:
2Кхузара дӀа а гӀой, Падан-Арам олучу метте гӀо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цӀийне. Цигахь Ӏаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоӀ ялае.
3Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш.
4Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахӀим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахӀимна делла, хьо хӀинца тӀевеана стаг а хилла Ӏаш волу латта хьан дола долийла».
5Исхьакха Падан-Араме дӀахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Ӏесаван а нана яра.
6Ӏесавана хиира, шен дас Исхьакха декъал а вина, Якъуб Падан-Араме шена зуда лаха хьажийнийла а, дас Якъубана, канаӀанхо ма ялае аьлла, тӀедожинийла а.
7Дас-нанас бохург а дина, Якъуб Падан-Араме дӀаваханийла а хиира Ӏесавана.
8ТӀаккха кхийтира Ӏесав, шайн дена канаӀанхойн зударий ца безийла.
9Ӏесаван ши зуда яра, амма ИбрахӀиман кӀант ИсмаьӀал волчу а вахана, цуьнан йоӀ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена.
10Якъуб, Беар-ШабаӀера ара а ваьлла, ХӀаран-гӀала вахара.
11Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза.
12ГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна.
13Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас.
14Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду.
15Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац».
16Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла».
17Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! — элира цо, — ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду».
18Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба.
19Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду).
20Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь,
21нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву.
22Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».