1Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
2Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна,
3амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
4ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу,
5амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»
6Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира.
7ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.
8Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах.
9Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» — аьлла.
10Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».
11Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» — аьлла.
12Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», — аьлла.
13ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?»
14ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира:
15
16
17Адаме
18
19
20ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
21ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш.
22Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
23Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама.
24Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.