1ДӀахьаьжначу Якъубана гира, шеца виъ бӀе стаг а валош, вогӀу Ӏесав. Леиний, Рахьалний, шина ялхочунний юкъахь бераш дӀасадийкъира Якъуба.
2Ялхой-зударий а, церан бераш а хьалха хӀиттийра цо, Леа а, цуьнан бераш а царна тӀехьа хӀиттийра, ткъа Рахьал а, Юсуп а массарна а тӀехьа даьккхира.
3Хьалхаваьлла дӀа а волавелла, шен вешина тӀекхочуш, ворхӀазза лаьтта тӀекхаччалц охьатаьӀира иза.
4Амма Ӏесав, Якъубана дуьхьал а ведда, иза мара а воьллина, барташ даха хӀоьттира. И шиъ вилхира.
5Зударий а, бераш а гина, Ӏесава хаьттира: «ХӀорш муьлш бу хьоьца берш?»
6Ялхой, шайн берашца тӀебаьхкина, охьатаьӀира Ӏесавана хьалха.
7Юха Леа а, цуьнан бераш а тӀедаьхкина охьатаьӀира. Массарал тӀаьхьа тӀедеана Юсуп а, Рахьал а охьатаьӀира.
8Ӏесава хаьттира Якъубе: «И дерриг а даьхни суна дуьхьал хӀунда даийтира ахь?»
9Ӏесава элира: «Сан дерриг а долуш ду, сан ваша. Хьайниг хьайна дита».
10«ХӀан-хӀа, ас доьху хьоьга! — элира Якъуба. — Нагахь хьо суна резавелахь, дӀаэцахьа соьгара совгӀат. Хьан юьхь гар — Делан юьхь гар санна ду, сел дика со тӀеийци ахь.
11Доьху хьоьга, дӀаэца соьгара и совгӀаташ, хӀунда аьлча, Дела соьца дика а хилла, оьшург дерриг а сан долуш ду».
12Юха Ӏесава элира: «ХӀинца дӀагӀур ду вай, со хьуна уллохь хир ву».
13Амма Якъуба элира: «Хьуна гуш ду бераш гӀелделла хилар, цул сов, уьстагӀий а, хьелий а къона а, оза дезаш а ду сан. Нагахь цхьана дийнахь а лаьллина дигахь, даьхни хӀаллакьхир ду.
14Хьо хьалха дӀагӀо, со хьуна тӀаьххье дӀавогӀур ву, сих а ца луш, даьхни а, бераш а схьадахкадаларе хьаьжжина. ТӀаккха сан эла волчу, СеӀир-махка, кхочур ву со».
15Ӏесава элира: «Пурба ло суна хьайца масех сайн стаг вита».
16Ӏесав оццу дийнахь СеӀир-махка юхавахара,
17ткъа Якъуб Сакхат цӀе йолчу метте вахара (иза «кхалораш» бохург ду). Цигахь чохь Ӏан цӀа а, бежанашна кӀел хӀитта кхалораш а йира цо. Цундела аьлла цу меттигах Сакхат.
18Падан-Арамера араваьллачхьана дуьйна, кхин хьовзам боцуш КанаӀан-махкарчу Шехем-гӀала схьакхечира Якъуб. ГӀалина хьалха арахь сецира иза.
19БӀе дато ахча а делла, Шехеман дегара, Хьамуран доьзалера латта ийцира Якъуба. Цу тӀехь шен четар дӀахӀоттийра цо.
20Цигахь сагӀа доккху меттиг а кечйина, цу меттигах «Эл» цӀе йолу Исраилан Дела аьлла, цӀе тиллира цо.