1Исраил
2Буьйсанна самах веанчу Дала Исраиле элира: «Якъуб!»
3Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду.
4Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».
5Беар-ШабаӀера кхин дӀа а вахара Якъуб. Исраилан кӀенташа шайн да а, бераш а, зударий а пирӀуно яийтинчу гӀудалкхаш чу ховшийра цига дӀабига.
6КанаӀан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тӀаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб.
7Цо шеца шен бераш а, берийн бераш а — ерриг а тӀаьхье дӀайигира.
8ХӀорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кӀентийн цӀераш (Якъуб а, цуьнан тӀаьхье а):
9
10
11
12
13
14
15Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кӀентий бара. Цо йина Дина цӀе йолуш йоӀ а яра. Дерриг а кӀант а, йоӀ а ткъе кхойтта дара.
16
17
18Лабана шен йоӀана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг.
19
20
21
22Рахьала Якъубана бина кӀентий бара уьш, верриг а вейтта стаг.
23
24
25Лабана шен йоӀана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кӀентий бара уьш, верриг а ворхӀ стаг.
26Якъубца Мисар-махка веанарг цуьнан тӀаьхьенах верг, кӀентийн зударий ца лерича, кхузткъе ялх стаг вара.
27Мисарахь Юсупна вина ши кӀант а цхьаьна верриг а Якъубан доьзалх Мисарахь ваха охьахиънарг кхузткъе итт стаг вара.
28Юсуп волчу воьдуш, шел хьалха ЯхӀуд вахийтира Якъуба, ГӀашане боьду некъ хаархьама. Уьш цига дӀакхаьчча,
29Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза.
30Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».
31Юсупа вежаршка а, шен ден цӀийнах болчу нахе а элира: «Ас, вахана, пирӀуне эр ду: „КанаӀан-махкахь Ӏийна сан вежарий а, ден цӀийнах берш а со волчу схьабаьхкина.
32И нах жаӀуй бу. Цара даьхни леладо. Шайца кегий а, даккхий, а даьхни а, шайн долахь долу хӀума дерриг а схьадеана цара“.
33ПирӀуно, тӀе а кхайкхина, шайга хаттахь: „Шун хӀун корматалла ю?“
34аш ала деза: „Тхайн дайша санна, кегий долуш дуьйна даьхни лелош ду тхо!“ ТӀаккха ГӀашан цӀе йолчу махкахь даха охьаховша бакъо лур ю шуна, хӀунда аьлча мисархошна Ӏуй ца беза».