ЕшаӀ-ЯхӀу 12:1-6 CHE2012 - Bible AI

1Цу дийнахь вайн къомо эр ду: «Хьо хаставо оха, Веза Эла. Хьо тхуна оьгӀазвахана хиллехь а, Хьайн оьгӀазалла дӀаяьккхина, Ахь тхуна синтем белла.

2Дела ву тхо кӀелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Ӏаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хӀуманах, хӀунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кӀелхьардаьхна дела.

3КӀелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца».

4Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гӀуллакхех лаций дийца, Цуьнан цӀе сийлахь хилар дагадаийта массарна а.

5Иллица хаставе Веза Эла, Цо сийлахь гӀуллакхаш дина дела. ДӀахоуьйла иза дерриге а дуьненахь.

6Мохь хьоькхуш доккхаде, Цийонан халкъ, хӀунда аьлча Исраилан Везаниг хьуна юкъахь сийлахь ву».