1Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна ЯхӀуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна сурт хӀоьттира. Цо иштта хаам бора:
2
3
4
5Яло, Якъубан тӀаьхье! Везачу Элан серлонехь лелар ду вай.
6Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тӀаьхье, дӀа ма тесна, хӀунда аьлча нах малхбалера долчу Ӏадатех буьзна бу, пӀелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тӀекаре ю церан.
7Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дӀалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гӀудалкхаш а ю.
8Цуьнан латта цӀуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Ӏибадат деш бу и нах.
9ХӀора адамо царна хьалха ша лахдо, хӀора стаг царна охьатаьӀа. Царна геч ма дехьа!
10Хьехашна чу а гӀой, лаьтта бухахь къайладовла Везачу Элана хьалха болчу кхерамах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а.
11Стеган лакхара хьажар охьатаӀийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ.
12Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догӀур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а — уьш берриш а охьатаӀор бу.
13И де догӀур ду лекха а, айаделла а долчу Ливанунан баган-дитташна а, Башанан нежнашна а,
14дерриге а лекхачу лаьмнашна а, айаделлачу гунашна а,
15муьлххачу а лекхачу бӀаьвнна а, муьлххачу ондачу пенна а,
16Таршашан дерриге а хӀордкеманашна а, уггар хазачу кеманашна а.
17Стеган куралла лахйийр ю, адамийн дегалла охьатаӀийна хир ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ,
18ткъа цӀуш гуттаренна а дӀабевр бу.
19Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача.
20Цу дийнахь стага ша Ӏибадат дан бина дато а, дашо а цӀуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дӀакхуьйсур бу,
21тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дӀалачкъархьама, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхера а велла, Иза латта дего веача.
22Стагах бӀобулий ма Ӏе — мерӀуьргашкахула синош дахарца бен иза ца веха. Цунна тӀетовжа йиш юй ткъа?