ЕшаӀ-ЯхӀу 20:1-6 CHE2012 - Bible AI

1Ашур-мехкан паччахьо Саргуна ваийтина волу тӀеман коьрта хьаькам Ашдод-гӀалина тӀе а летта, иза схьаяьккхинчу шарахь хӀара хилира.

2Оцу хенахь Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Везачу Эло тӀедиллира билгалонна цхьа хӀума дар. Цо элира: «Ваха а гӀой, хьайн гӀодаюкъ а ястий, хьайна тӀера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Ӏуьйра а лелара.

3ТӀаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаӀ-ЯхӀу кхаа шарахь верзина а, когаш Ӏуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана [15] а хиндолчунна билгало яра.

4Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дӀабуьгур бу. Берзина а, когаш Ӏуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама.

5Хуших дегайовхо хилларш а, Мисарах дозалла динарш а кхоьруш а хир бу, юьхьӀаьржа а хӀуьттур бу.

6Цу дийнахь хӀордан кху йистехь бехаш болчу бахархоша эр ду: „Вайн шайх дегайовхо хилла а, Ашур-мехкан паччахьах кӀелхьардовла гӀо дехна а болчарна хӀун хилла хьажал! Вай муха девр дара кӀелхьар?“»