1
2
3
4
5
6Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тӀехь массо а халкъан той хӀоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагӀар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагӀар шира а, цӀена а хир ду.
7Дерриге а халкъашна тӀетесна йолу шаршу а, массо а къаьмнаш дӀахьулдина долу кирхьа а дохийна дӀадоккхур ду Цо цу лам тӀехь.
8Ӏожалла гуттаренна а дӀакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тӀера бӀаьрхиш дӀадохур ду. Дерриге а дуьнен тӀехь Шен халкъ емалдар дӀадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло.
9Цу дийнахь эр ду: «ХӀара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кӀелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кӀелхьардахарна!»
10Везачу Элан куьг Цийон-лома тӀехь ду, амма Муабин къам ша Ӏаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна.
11Нека дечо санна, цо куьйгаш тийсахь а, Дала цуьнан дозалла дар лахдийр ду цуьнан куьйгийн мекараллица цхьаьна.
12Цуьнан лекхачу пенийн чӀагӀо лаьтта а йожийна, чена юккъе охьайожор ю Везачу Эло.