1Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“».
2Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус:
3«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу.
4Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга:
5«Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю.
6Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“.
13Сахиллалц хьоьжуш Ӏийра со, лоьмо санна, Цо кегйора сан даьӀахкаш. Везачу Эло сан дахар чекхдоккху цӀеххьана, Ӏуьйренна тӀера суьйре тӀекхаччалц.
14ГӀаргӀулин а, чӀегӀардиган а санна дара сан аз. Кхокхано санна, сагатдора ас. Сан бӀаьргаш гӀийла стигала хьоьжура. Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со! Ма баланехь ву-кх со!“
15ХӀун эр ду ас? Везачу Эло ала а элира, Цо иза дан а дира. Сайн дахаран дерриг а шерашкахь собарца лелар ву со, сайн са чохь хилла бала дагахь а латтош.
15
16Хьалдолу Эла, Хьан дешнашца Ӏаш ма бу нах, сан синан дахар Ахь мел дечуьнца доьзна ма ду. Ахь со товеш ву, Ахь суна дахар а лур ду.