ЕшаӀ-ЯхӀу 39:1-8 CHE2012 - Bible AI

1Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кӀанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгӀат а дахьийтира Хьузакх-ЯхӀуна, иза цомгуш хиллачул тӀаьхьа товелла аьлла шена хезна дела.

2Геланчаш хазахетарца тӀе а эцна, Хьузакх-ЯхӀус царна гайтира шен чӀоь-цӀа [22] чохь мел дерг — дети а, деши а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цӀа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхӀус шен паччахьан цӀа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хӀумма а ца дисира.

3Юха ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхӀу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХӀун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?»

3Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», — аьлла.

4«Хьан цӀа чуьра хӀун гира царна?» — аьлла, хаьттира ЕшаӀ-ЯхӀус. «Сан цӀахь мел долу хӀума а гира царна. Сан хазнаш чохь хӀумма а ца йисна ас царна гайтаза», — элира Хьузакх-ЯхӀус.

5ТӀаккха ЕшаӀ-ЯхӀус элира Хьузакх-ЯхӀуга: «ЛадогӀа, массо а ницкъийн Везачу Эло хӀун боху:

6„Цхьа хан йогӀур ю, хьан цӀа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дӀахьош. ХӀумма а бухадуьсур дац, — боху Везачу Эло. —

7Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кӀентех цхьаберш а дӀабуьгур бу. Бавелан паччахьан цӀахь баьӀна ялхой бийр бу царах“».

8Хьузакх-ЯхӀус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» — бохуш.