1 «Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, — боху шун Дала. —
2 ДӀаала Ярушалайме эсала, дӀахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дӀабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таӀзар тӀеэцна цо дерриг а шен къинойх».
2
3 Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!
4 ХӀора тогӀи хьалайоккхур ю, хӀора лам а, гу а лахабоккхур бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду.
5 Везачу Элан сийлалла гучуяьккхина хир ю, ткъа дерриге а адамашна иза гур ю, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша аьлла иза».
5
6 Озо боху: «ДӀакхайкхаде!» Ас хоьтту: «ХӀун кхайкхо деза ас?» «Кхайкхаде, хӀора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю.
7 Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, Везачу Эло царна тӀе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду.
8 Буц а якъало, зезаг а маргӀалдулу, амма вайн Делан дош гуттар а лаьтташ ду».
8
9 Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тӀе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дӀаала чӀоггӀа! ДӀаала, ма кхера! ЯхӀуд-мехкан гӀаланашка дӀаала: «Хьажал, шун Дела схьавогӀуш ву!»
9
10 Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогӀуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгӀат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогӀуш ю.
11 Цо Ӏалашдийр ду Шен жа, Ӏуьно санна. Ӏахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Ӏалашдийр ду Цо.
12 Канашкахь хи хьан дуьстина, я, ше а лоцуш, стигал хьан юьстина? Лаьттан чан тускар чу хьан ерзийна, я лаьмнаш а, гунаш а терзан тӀехь хьан оьзна?
13 Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Ӏамийна Иза?
14 Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?
14
15 Везачу Элана халкъаш хӀумма а йоцург ю, хин тӀадамал бен дац уьш Цунна. Терзанна тӀера ченан буьртиг санна ду уьш. ГӀайренаш, хӀур санна, хьалаойу Цо.
16 Ливанунан хьаннаш тоьуш яц, Цунна догӀуш долу сагӀанаш цӀера тӀехь даккхархьама. Цигара долу бежанаш а тоьуш дац Цунна догӀуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина.
17 Дерриг а халкъаш Цунна хьалха хӀумма а яц. Уьш хӀумма йоцучу хӀуманал кӀезиг а, даьсса а лоруш ду Цуьнан.
17
18 Иштта, хьаьнца вустур вара аш Дела? Цуьнца юста хӀун кеп хир яра шун?
19 ЦӀунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тӀе деши а дуьллу, дато зӀенашца иза кеч а во.
20 Иштта совгӀат дан къен волчо ца телхаш долу дитт хоржу. Цо, говза пхьар а лохий, цуьнга охьа ца вужу волу цӀу войту.
20
21 Шуна ца хаьара? Шуна ца хезнера? Юьххьенца дуьйна аьлла дацара шуьга? Латта кхоьллинчхьана дуьйна ца кхеттера шу?
22 Лаьттан гон тӀехула йолчу Ӏарш тӀехь Ӏаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дӀасаяржийна, дуткъа кӀади санна, чохь Ӏан дина четар санна, дӀахӀоттийна иза.
22
23 Цо баьччанех хӀумма а йоцург йо, кху лаьттан куьйгалхой тӀепаза бойу.
24 Уьш дӀа ма-дийггӀи, уьш дӀа ма-дий, цара орамаш ма-хийцци, Везачу Эло царна тӀе Ӏаь туху, уьш маргӀал а дулу, ткъа мохо уьш, ча санна, дӀахьо.
24
25 «Со хьаьнца вустур ву аш? Мила ву Соьга кхочуш?» — боху Везачу Дала.
26 Шайн бӀаьргашца стигала хьалахьовсал! Хьан кхоьллина и дерриге а седарчий? Эскар санна цхьацца арадоккхучо уьш кхоьллина. Цунна церан хӀораннан цӀе хаьа. Цуьнан ницкъ сел боккха хиларна, царах цхьа а вовш вац.
26
27 Ахь хӀунда боху, Якъуб, арз хӀунда до, Исраил: «Сан некъ Везачу Элах лачкъийна бу, сан гӀуллакх Далла дицделла», — бохуш?
28 Хьуна ца хаьа? Хьуна ца хезна? Веза Эла гуттар а волуш волу Дела ву. Цо лаьттан йистош кхоьллина. Иза цкъа а кӀад а ца ло, хӀотта а ца хӀутту. Цуьнан хьекъалх цхьа а кхетар вац.
29 Цо кӀадвеллачунна ницкъ а ло, хӀоьттинчунна гӀора а ло.
30 Ур-атталла кегий нах кӀад а ло, хӀотта а хӀутту, ур-атталла къонанаш, гӀел а белла, охьаэга.
31 Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тӀемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хӀуттур бац, новкъа дӀабахача а, уьш кӀадлур бац.
Institute for Bible Translation, 2012