1 «ХӀара Сан Ялхо ву, Ас чӀагӀвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тӀе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю.
2 Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо.
3 Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо, дӀаян гӀерташ сийсаш йогуш йолу милт а дӀайойур яц. Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю.
4 Иза гӀел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тӀехь Ша нийсо дӀахӀоттаяллалц. ХӀордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду».
4
5 Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дӀасаяржийначу а, латта а, цунна тӀехь долу массо хӀума а дӀасадаржийначу а, цунна тӀехула лелачу адамашна садеӀар а, дахар а лучу а Везачу Дала:
6 «Ас, Везачу Эло, нийсоне хьаьжжина, тӀекхайкхина хьо. Хьан куьг схьалаьцна латтор ду Ас, хьо Ӏалаш а вийр ву. Хьох халкъаца бечу бертан юкъалеларг а, кхечу къаьмнашна серло а йийр ю Аса,
7 Хьоьга бӀаьрзечарна са гайтийтархьама а, тутмакхаш набахтера арабахийтархьама а, боданехь Ӏаш берш серлонга бахийтархьама а.
7
8 Со Веза Эла ву, иза ю Сан цӀе. Сайна йогӀу сийлалла кхечу далла дӀа ца йолуьйту Ас. Сайна богӀу хастам цӀушна ца бойту Ас.
9 Хьовсал, хьалха аьлларг кхочушхилла. ХӀинца керланиг кхайкхор ду Ас. Иза хилале, Ас хоуьйтур ду шуна».
10 Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хӀорда тӀехула леларш, хӀорда чуьра дерриг а дийнаташ, хӀордан йистера мехкаш а, царна тӀехь Ӏаш берш а.
11 Яьссачу арено а, цунна тӀера гӀаланаша а шайн аьзнаш ойийла! Къедархой Ӏаш йолу меттигаш самукъадаьлла хуьлийла! СилаӀ-гӀалара бахархой, хазахеташ, эшарш лоькхуш хуьлийла! лаьмнийн баххьаш тӀера кхайкхамаш бойла!
12 Везачу Элана сийлалла кхайкхадойла, Цунна хастам бойла хӀордан йистерчу мехкашкахь.
13 Веза Эла аравер ву, майра стаг санна. ТӀемалочо санна, тӀом баран лаам карзахбоккхур бу Цо. Цо кхайкхам а бийр бу, тӀеман цӀогӀа а тухур ду. Шен ницкъ гойтур бу Цо мостагӀашна тӀехь.
14 «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Ӏийра Со, садетташ а, собаре хилла а Ӏийра. Амма хӀинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду.
15 Ас лаьмнаш а, гунаш а дассор ду, царна тӀера буц а якъор ю. Хиш дӀа а лакъийна, гӀайренаш йийр ю Ас, Ӏаьмнаш а дакъийна дӀахӀиттор ду, хиш дӀа а даьхна.
15
16 БӀаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дӀабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дӀатосур бац Ас.
17 Амма цӀунех тешна Ӏаш берш, цӀушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш, юхабоьрзур бу, доккха эхь тӀе а деана».
18 Везачу Эло боху: «ЛадогӀа, къоранаш, хьовса, бӀаьрзенаш, са гархьама!
19 Мила ву, Сан ялхо санна, бӀаьрзе, Ас вахийтина, Сан геланча санна, къора? Мила ву бӀаьрзе, Ас барт бинарг санна верг? Везачу Элан ялхо санна, бӀаьрзе верг мила ву?
20 Хьуна дуккха а хӀума гина, амма ахь церан тидам ца бина. Хьан лергаш схьадиллина дара, амма хьуна хӀумма а ца хезна».
20
21 Шен нийсонан дуьхьа Везачу Элана лиира, товрат-хьехам айа а, иза хасто а.
22 Амма хӀара халкъ талор дина ду, нахана тӀера хӀонс схьаяьккхина ду. Уьш массо а Ӏаннашкахь латтош бу, я набахтехь бахкийна къайлабохуш бу. Царах хӀонс хилла, цхьа а вац уьш кӀелхьарбаха. Царах талор хилла, цхьаммо а ца боху: «Схьало уьш юха».
22
23 Цу хӀумане хьан ладугӀур ду шух, я тӀейогӀучу заманахь цунна тӀе тидам шух хьан бийр бу?
24 Хьан дӀаелла Якъубан тӀаьхье, хӀонс санна? Хьан дӀаделла Исраилан халкъ талорхойн кара? Вай Цунна дуьхьал къинош летийначу Везачу Эло ца дина иза? Ца лиира царна Цуьнан некъашкахула лела, Цуьнан хьехамашка ла а ца дуьйгӀира.
25 Цо царна тӀеюттура Шен оьгӀазалла а, тӀеман къизалла а. Цуьнан оьгӀазалло, цӀеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тӀе ца ийцира цара иза.
Institute for Bible Translation, 2012