5Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду.
6Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кӀентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш — дуьненан массо а маьӀӀера.
7Юхаверзаве хӀорра а Сан цӀарца воьзнарг, Сан сий айархьама Ас кхоьллина волу а, Сайн куьйгашца Ас вина а, кеп елла а волу а».
8«Шен бӀаьргаш доллушехь, бӀаьрзе долу а, шен лергаш доллушехь, къора долу а и халкъ арадаккха, — боху Везачу Эло. —
9Массо а халкъаш цхьаьна гулдина а ду, дерриге а къаьмнаш вовшахтоьхна а ду. Церан деланех хьан аьлла хиндолчух лаьцна? Юьхьанцара дуьйна хилларг хьан хаийтина? Шайн тешаш балабайта цаьрга, уьш бакъхилар гайта а, церан дешнаш дӀахезча, кхечеран „Иза бакъ ду“ ала йиш хилийта а.
9
10Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, — боху Везачу Эло. — Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тӀаьхьа а хир вац.
10
11Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КӀелхьардохург а вац.
12Хиндерг дӀа а аьлла, Ас шу кӀелхьардехира, хьалхе дуьйна иза дӀахаийтира Ас. Со-м шуна юкъахь хийраниг вац! — боху Везачу Эло, — Шу Сан тешаш ду Со Дела хиларх.
13Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кӀелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?»
14Исраил халкъан Везачу Дала, шу мах баларца паргӀатдаьхначу Везачу Эло, иштта боху: «Шун дуьхьа Ас Бавелна дуьхьал эскар дохуьйтур ду. Берриге а хашадхой, бевдда нах санна, церан дозалла хиллачу кеманашкахь хинехула дӀабуьгур бу Аса.
15Со ву Веза Эла, шун Веза Дела, Исраилан халкъ Кхоьллинарг, шун Паччахь».
17ГӀудалкхаш а, говраш а йолуш долу онда эскар арадаккхийтира Цо, иза хӀаллакьхилийтархьама. Уьш массо а ийгира, кхин цкъа а хьала а ца гӀевттира. Къуьданаш санна, дӀабайра уьш.
18Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хӀуманаш дага а ма леца, дӀадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е.
19Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хӀинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду.
20Акхароша Сан сий до, чангӀалкхаша а, бухӀанаша а Со хаставо, хӀунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама.
21И халкъ Ас Сайна кхоьллина, цо Сан сий кхайкхор ду».
27Хьан хьалхарчу дас къа латийна, хьан баьччанаш а Суна дуьхьалбевлла.
28Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цӀийнан куьйгалхой. Аса дӀаелла Якъубан тӀаьхье, иза хӀаллакьяйтархьама, Аса дӀаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама».