8Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дӀакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХӀан-хӀа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а».
9ЦӀуш беш берш — берриш а хӀумма а йоцу хӀуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хӀуманаш пайда боцуш ю. Оцу цӀуйх тоьшалла дечарна хӀумма а ца го, хӀумма а ца хаало. Уьш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу.
10Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цӀунах?
11Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дӀахӀиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу.
12Аьчкапхьеро шен гӀирсаца кӀоранан алу тӀехь болх бо. Цо жӀаьвнашца аьчках цӀунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гӀоранах а оьшу, хьаг а ло, кӀад а ло.
13Дечигпхьеро дечиг тӀехь юстаран тӀийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дӀа а хедийна, шен гӀирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цӀу цхьана цӀа чохь Ӏайтархьама.
14Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дӀадугӀу, ткъа догӀано иза доккха хуьлуьйту.
15Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цӀе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цӀу а вой, цунна Ӏибадат до.
16Дечиган цхьа дакъа цӀергахь дагадо, цу тӀехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цӀера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хӀинца вохвелла. Суна йовхо хаало».
17Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цӀу. Цунна Ӏибадат а деш, стага боху: «КӀелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву».
18Царна хӀумма а ца хаьа, уьш хӀумманах а ца кхета. Церан бӀаьргаш а, дегнаш а дӀакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а.
19Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цӀергахь дага а дина, цу тӀехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цӀу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гӀур варий те?»
21Везачу Эло боху: «Дагахь латтаде иза, ва Якъубан тӀаьхье, ва Исраилан халкъ, хьо Сан ялхо хиларна. Ас кхоьллина хьо, хьо Сан ялхо ду. Ва Исраил, Суна цкъа а дицлур дац хьо.