4Со шун Дела ву, Ас шун гӀайгӀа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гӀо а дийр ду, шу кӀелхьар а дохур ду.
4
5Аша Со хьаьнца вустур вара? Аша хьанах Со тарволуьйтур вара? Со санна, кхин мила ву?
6Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тӀехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цӀу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теӀаш, Ӏибадат до цара.
7Шайн белшаш тӀе а вуьллий, дӀахьо цара цӀу. Шен метта дӀахӀоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кӀелхьар а ца воккху.
9Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац.
10Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хӀинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Ӏалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду.
11Малхбалера Ас аьрзу схьакхойкхур ю. Генарчу махкара Ас стаг схьакхойкхур ву, Сан Ӏалашо цуьнгахула кхочушъяйтархьама. Айса аьлларг Аса кхочушдойтур ду. Сайна дагадеънарг Аса дийр а ду.