ЕшаӀ-ЯхӀу 47:1-15 CHE2012 - Bible AI

1«Чу а йоссий, чена тӀе охьахаа, йоӀстаг санна йолу Бавел-гӀала. Олаллин гӀантан метта, лаьтта тӀе хаа, хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а.

2Хьеран тӀулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДӀадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла.

3Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац».

3

4Вай мехах ПаргӀатдохург Исраилан Веза Дела ву, ткъа Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.

5Везачу Эло Бавеле боху: «Тийналлехь а Ӏе, бодашка дӀа а гӀо, хашадхойн йоӀ санна йолу гӀала. Кхин цкъа а эр дац хьох пачхьалкхийн зуда-паччахь.

6Сайн халкъана оьгӀазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дӀаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тӀедуьллура ахь.

7Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю. Амма и хилларш хьайн даг тӀе ца эцна ахь, паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина.

7

8ХӀинца ладогӀа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Ӏаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Ӏаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.

9Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.

9

10Хьо хьайн мекарлонех тешна яра. Хьуна моьттура, хьо цхьанна а гур яц. Хьан хьекъалалло а, хаарша а хьо некъах тилийна. Хьо Делаца а нисъеш, хьайн дагахь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац“.

11Амма хьуна тӀе бохам богӀур бу, бозбунчаллица иза дӀабаккха ахь могуьйтур дац. Сингаттам хьоьга кхочур бу, хьан ницкъ кхочур бац иза сацо. Хьуна дагахь а доцуш долу хӀаллакьхилар цӀеххьана догӀур ду хьуна тӀе.

12ДӀаӀе айхьа лелочу молханашца а, хьайн дерриге а бозбунчаллашца а, ахь жима йолуш дуьйна лелийна уьш. Цара хьуна гӀо дан а там бу, цара хьан мостагӀий Ӏадо а там бу.

13Хьо кӀадъелла, хьайна дукха хьехарш дарна. Хиндерг хаархьама стигалш дӀасайоькъучаьрга а, стигаларчу седарчех дерг толлучаьрга а, хӀора баттахь хьуна хиндерг дуьйцучаьрга а, шайн метта схьа а хӀиттина, хьо кӀелхьаръяккхийта.

13

14Уьш чен юьхкаш санна ю: цӀеро уьш багор бу! Цаьрга ур-атталла шаьш а кӀелхьар ца бахало цӀерах. Ша вохвалархьама кӀоранах йолу цӀе иза хир яц, уллохь хиъна Ӏархьама йолу цӀе иза хир яц.

15Церан дуьхьа хьо къахьоьгуш а яра, цаьрца хьо, жима йолуш дуьйна, йохкаэцар лелош а яра, амма хьан дуьхьа цаьрга хӀумма а далур дац. Царах хӀора а шен новкъа дӀавахана, цхьа а ца висна хьо кӀелхьаръяккха».

>