1ЛадогӀа хӀокхуьнга, Якъубан цӀа, ЯхӀудана тӀера схьадогӀуш долу Исраилан тӀаьхье хьайх олуш долу. Ахьа Везачу Элан цӀарах дуй а боу, Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏамал а йо — бакъдолчуьнца а, нийсонца а иза ца дахь а.
2Аша шаьш езачу гӀалех схьадевлла а, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху.
3Везачу Эло боху Исраилан халкъе: «Дуккха а хьалха дуьйцура Ас хин долу хӀуманаш. Сан багахула царах лаьцна Ас бохура, нахана Ас уьш дӀахозуьйтура. ЦӀеххьана Со лела волавелира, ткъа и хӀуманаш кхочушхуьлура.
5Цундела Ас хьалххе дӀакхайкхадора хьоьга, хиндерг хилла далале. Хьан ала йиш ца хилийта: „И хӀуманаш сан цӀуша дина ду. Дечиган я лалийначу сан суьрто сацам бира и хӀуманаш хилийта“.
9Сайн цӀе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгӀазалла. Суна болу хастам бахьана долуш, хьо хӀаллак ца ван Со сецаво Ас.
10Хьажал, хьо цӀанъярхьма Ас лалийна хьо, амма дети санна ца лалийна хьо. Ас зийра хьо баланийн кхерчахь.
11Аса Сайн дуьхьа до иза — Сайн цӀе емалйойтур яц Ас, Сайн сийлалла цхьанна а дӀалур яц».
12Везачу Эло боху: «ЛадогӀа Соьга, Якъубан тӀаьхье, Исраилан халкъ, Ас тӀекхайкхина долу! Со — волуш волу Дела ву, Со Дуьххьарлерниг а, ТӀаьххьарлераниг а ву!
13Сан куьйгаша кхоьллина латта, Сан аьтту куьйго дӀасаяржийна стигалш. Ас латта а, стигал а тӀекхайкхича, уьш Суна хьалха хӀуьттур ду.
13
14Схьа а гуллой, ладогӀа, аш массара а! ЦӀушна юкъара хьан аьлла кху хиндолчух лаьцна? Везачу Эло хаьржинчу стага Бавелна дуьхьал йолу Цуьнан Ӏалашо кхочушйийр ю. Хашадхошна тӀехь Шен ницкъ гойтур бу цо.
15Со цхьаъ ву вистхилларг а, цуьнга схьакхайкхинарг а. Со ву — иза схьавалориг, цуьнан аьтто хир бу ша арабаьккхинчу новкъахь.
15
16ХӀинца, Суна улло тӀе а дуьйлий, ладогӀа Ас бохучуьнга. Хьалхе дуьйна а ас къайлаха ца дуьйцура. ХӀара хила доладелчхьана а, Со цигахь ву», — иштта боху Везачу Эло, ткъа хӀинца Хьалдолчу Эло ваийтина со Шен Синца.