2Хьовсал шайн дега ИбрахӀиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тӀекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тӀаьхье дебийтира.
2
3Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Ӏедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю.
3
4ЛадогӀа Соьга, Сан халкъ, ладогӀа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дӀахӀоттор ю.
5Сан нийсо гергакхочуш ю, Ас лун долу кӀелхьардаккхар новкъа даьлла ду. Ас-Айса нийсонца олалла дийр ду халкъашна тӀехь. ХӀордан йистера халкъаш хир ду Со варе сатуьйсуш, шайна гӀо ден долчу Сан куьйге хьоьжуш.
6Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дӀаевр ю, кӀур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кӀелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дӀаер яц.
6
7ЛадогӀа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка.
8Бедар санна, нецано дӀабуур бу уьш, тӀаргӀа санна, нӀаьно дӀакхоллур бу. Ткъа Сан нийсо гуттар а хир ю, Сан кӀелхьардаккхар тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка кхочур ду».