1 ГӀаттахьа Цийон, гӀаттахьа! Ницкъ хьайна тӀебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гӀала, хьайн исбаьхьа бедарш тӀеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогӀур вац хьуна чу.
2 Хьайна тӀера чан дӀаегаехьа, гӀаттахьа, Ярушалайм! Паччахьан гӀанта тӀе охьахаахьа! Хьайн вортанна тӀера зӀенаш схьаяхахьа, йийсаре лаьцна Цийонан йоӀ!
3 Везачу Эло хӀара боху шен халкъе: «ХӀумма а йоцучу хӀуманах доьхкина а дара шу, мах а ца луш, оьцур ду шу».
4 Сан Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьалха Сан халкъ Мисар-махка даханера, цигахь дахархьама. ТӀаьхьо ашурхоша Ӏазапехь даллийра иза.
5 Ткъа хӀинца хӀун ду Сан кхузахь? — хоьтту Везачу Эло. — Мах а ца луш, йийсаре дӀадигна ду Сан халкъ, ткъа цуьнан куьйгалхой угӀуш бу, — боху Везачу Эло. — Дерриг а дийнахь Сан цӀе емалъеш лаьтташ ю.
6 Цундела Сан халкъана Сан цӀе евзар ю, цундела царна хуур ду цу дийнахь: „Со хӀара ву!“ — аьлларг Со вуйла».
6
7 Машар дӀакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кӀелхьардовлар дӀакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀуш мел хаза ду!
8 ЛадогӀа! Хьан хехоша шайн аьзнаш айдина, хазахетарца цхьаьний маьхьарий детта цара. Шайн бӀаьргашца го царна, Веза Эла Цийоне юхавоьрзуш.
8
9 Яккхийейша, хазахетарца цхьаьна эшарш лакхийша, Ярушалайман херцораш! ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъан догъэцна, Цо мах баларца паргӀатъяьккхина Ярушалайм.
10 Везачу Эло Шен беза пхьарс берзина баьккхина дерриг а халкъашна хьалха. Дуьненан массо а йистошна вайн Дала делла кӀелхьардаккхар гур ду.
11 ДӀадуьло, дӀадуьло, арадовла цигара! Боьхачух дӀа ма хьакхало. Арадовла цу чуьра, шаьш цӀанде, Везачу Элан пхьегӀаш лелош дерш!
12 Амма шу меллаша девр ду ара, дӀадовдур дац, хӀунда аьлча Веза Эла гӀур ву шуна хьалхаваьлла. Исраилан халкъан Веза Дела хир ву, шу лардеш, шуна тӀаьхьаваьлла вогӀуш.
13 Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тӀехь кхиам болуш хир ву. Иза чӀогӀа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву.
14 Иза гича, дукха адам инзардаьллера, хӀунда аьлча цхьана а адаман йоцучу кепара цӀармата дара Цуьнан сибат, цхьана а стеган ца хуьлу хатӀ дара Цуьнан.
15 Амма Цо дукха халкъаш инзардохур ду, паччахьаша шайн баганаш дӀакъовлур ю Цунна хьалха. Шайга ца дийцинарг гур ду царна, шайна ца хезначух кхетар бу уьш».
Institute for Bible Translation, 2012