10Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гӀуда такхаран сагӀа дахь, тӀаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу.
11Шен сино бала хьегначул тӀаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тӀекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тӀехь дӀа а хьур ду.
12Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Ӏожаллина дӀадаларна а, зуламхойх Иза дӀатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дӀа а даьхьира, зуламхошна тӀера доӀанаш а дора.