1Везачу Эло иштта боху: «Бакъдерг лар а де, нийсо а лелае, хӀунда аьлча Сан кӀелхьардахар гергакхаьчна, Сан нийсо кестта гучуйоккхур ю.
2Декъала ву Далла лерина шоьтан де, иза сийсаз а ца доккхуш, лардеш верг а, шен куьг муьлххачу а вочу балхах лардеш верг а. Декъала ву иштта лелаш волу стаг а, иза кхочушдан схьалаьцна адам а».
3Везачу Элана тӀаьхьахӀоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дӀакъастор ву».
4Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьӀначарна
5Сайн цӀа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дӀахӀоттор ю Аса, ткъа нехан кӀентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цӀе лур ю Ас царна».
6Везачу Элана гӀуллакх дан а, Цуьнан цӀе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тӀаьхьахӀиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чӀогӀа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш
7буьгур бу Ас Сайн безачу лам тӀе. ДоӀанаш дечу Сайн цӀа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагӀа доккхучу Сан кхерча тӀехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагӀанаш тӀеоьцур ду Ас, хӀунда аьлча Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу.
8ДӀасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тӀе кхин а гулбийр бу Ас».
9Аренан массо а акхарой, схьаюьйла! Хьуьнан массо а акхарой, схьаюьйла, дӀадаа!
10Исраилхойн хехой бӀаьрзе а, хӀумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жӀаьлеш ду, лата а ца хууш, Ӏахка а Ӏохкуш, гӀенаш а гуш, набъяр а дезаш.
11Уьш Ӏебар доцу а, сутара а жӀаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Ӏуй бу: массо а шен новкъа дӀавирзина ву, хӀора а шена пайда лоьхуш ву.
12«Схьадуьйла, — боху цара, — суна чагӀар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а».